ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн Iедалхошка цабезам гIатторна" бехкевина оппозиционер Хазбиев


Оппозиционер Хазбиев Мохьмад

ГIалгIайчоьнан Iедалшка мостагIалла гIатторна бехкзуламан гIуллакх даьккхина махкарчу Талламан комитето оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна дуьхьал. Цуьнан адвоката Ибриева Хедас бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.

Хазбиев ишта а вара бакъо йоцуш герз лелорна а, Iедалан куьйгаллера нах аьшнаш барна а бехкевина. Керла тIебиллинчу бехкаца, Хазбиевс "цабезам гIаттош хилла" регионерчу Iедалшка 2015-чу шеран гурахь YouTub-ан агIоне йиллинчу роликца. Кхелахоша юьйцучу видеона тIекхиа аьтто ца баьлла Ибриеван.

Маршо Радионо яздира, кхо шо хьалха меттигерчу Iедална а, полисхошна а критика йина Хазбиев машен ядорна а, бакъо йоцуш герз латторна а бехкевина хиларх. Шена дуьхьал айдина гIуллакх бух боцуш ду аьлла, дIахьедира Хазбиевс. Муьлш бу цахуучу наха шен машенна герзаш диттинчул тIаьхьа, гIалгIайн Iедалхойх ведда кхо шо даьккхира цо Нохчийчохь. Кху шеран юьххьехь шена динчу тIелатарна бехке мехкан куьйгалхочун ваша Евкуров Увайс вира оппозиционеро.

XS
SM
MD
LG