ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:02:21 0:00
Линкана тIе

Парижехь тIелатар динчул тIаьхьа, Страсбургехь бехачу нохчашлахь хьал синтеме дац. Азимов террорхо вацара, аьлла хета цигахь бехачарна. Инцидент эккхаран бахьана – пайдабоцчу хIуманна тIехь даьлла дов зуламе дерзар лору бахархоша.

Кху беттан 11-чу дийнахь урс даьккхина, урамашкахь дIасалелачу нахана тIелатар дира Нохчийчуьра орамаш долчу жимчу стага.

21 шо долчу Азимов Хьамзатан доллу дахар Францехь дIадахана хиларна Кадыров Рамзана цуьнгара даьллачу зуламан жоьпалла францхойн Iедалшна тIе диллира.

Азимовн гIуллакх толлучаьрга дуккха а хеттарш ду элира, Страсбургехь вехачу, шен цIе ца йовзийтинчу стага: "Электрошок тоьхначул тIаьхьа, хIунда вийна иза? Когах герз а тоьхна, вита таро ма яра церан. Шен карарчу уьрсаца хIун дийр дара цо? Киночохь Ниндзяс санна, цхьанна тIе а ластийна, стаг вуьйр вара? Куьйгах я когах тапча а тоьхна, лаца мегар ма дара иза. Вен стенна вуьйш вара?"

Страсбургехь тховкIело карийна вехачу бакъонашларъярхочо Ибрагимов Сайд-Эмина бахарехь, нохчашлахь радикализацин проблема лаьтташ ю, амма иштта баккхийчу барамашкахь яц. Цунна хетарехь, бусулбачу нахаца къизалла лелош видео гича, ца лало цаьрга, оцу видеоша питана дулу юкъа.

"Къизаллана дуьхьало ю аьлла хета царна шаьш лелориг. Ма дарра аьлча, маьрша нах бойуш, цара дийриг даккхий зуламаш ду. Нохчашна пайден ма дац и зуламаш. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьно доллу къоман цIе бехйина, террорхой бу уьш аьлла. Бехке велахь а, вацахь а. Цхьаммо шегара зулам долуьйтий, доллучу къомах хьакхалуш ду и".

Оцу хиламийн тIаьхьалоно сагатдо Страсбургехь бехачу нохчийн. Царна хетарехь, "бехказаллин презумпци" принципца вехаш ву хIора а нохчо. Муьлхха а бахьана далахь, Францин Iедало хIусамах хьуьйсуш, нах дIалоьцуш, шайн пачхьалкхера арабохуш шога некъаш леладо.

"Халахета, вайх пластилинах санна, луъ-луург ялуш хилар - лаахь диканиг, лаахь экстремист", - аьлла, дийцира Страсбурган вахархочо Сусуев Ахьмада.

Францерчу нохчашна шаьш ледарчу агIор гайтина ца Iаш, дикачу агIор цIе яккхийтина аьлла а хета. Масала, элира цара, Iарбой бехачу кварталашкахь полисхошна къепе латтош гIо дарца.

Уьш тешна бу, тIейогIучу хенахь шайн керлачу даймахкахь дахар мел а синтеме хир ду аьлла.

Маршо Радион "Настоящее время" телеканалан материал.

Гочйинарг Димаева Лиза

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG