ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Контртерроран ражах бохам баьлларш


Эскархоша 2016-чу шарахь лазийначу Нохчийчоьнан вахархочо Европан кхеле арз дина, шен бакъонаш хьаьшна хиларх. Талламхоша ворхIозза тIе ца ийцира ницкъахошна дуьхьал зуламан гIуллакх даккхар доьхуш, кхо чуделла кехаташ.

2016-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Сельмен -Тевзанара Ширваниев Кюри шен воIца Мовсарца а, юьртахочуьнца Хаджимурадов Асвадца а шайн эвлана гена йоццучу даьхний латточу меттиге воьдуш хиллера. Шайн юьртана ши километар генахь герзах воьттина эскархо гира царна. Оцу стага цхьана а кепара шайна я билгало а, я хича ца йича, хIорш некъ бечуьра ца севццера.

ЦIеххьана герзаш детта буьйлира цу агIора схьа: Кюрина гех кхеттера герз, чевнаш ца хуьлуш велира цуьнан кIант а, юьртахо а.

Эскархоша, куьйгаш айдай, шайна тIедуьйла аьлла, омра дира, цул тIаьхьа лаьтта охьадуьйша а олуш. Асвада а, Мовсара а цара бохург кхочушдира, Кюрина чов йина хиларх дIа а хоуьйтуш.

Шен ден терго ян воьллачу кIантана, цхьахволчу ницкъахочо автоматан бух туьйхира коьртах. Цул тIаьхьа эскархоша кема кхайкхира, цу тIехь Соьлжа-ГIала дIавигира Кюри. Цуьнан ши накъост эскаран декъе дIа а кхачийна, 1-2 сахьтехь а латтийна, дIахецнера.

Цхьана а кепара бехк ца баьккхинера царна дуьхьал.

Кюрин гай а, хенан даьIахк а лазийнера, кийра цIий хIоьттинера. Йина хилла чевнаш цуьнан чуьйрашка а кхаьчнера аьлла ду, Кюрин интересаш йовзуьйтучу бакъонашларъяран "Мемориал" центран хаамехь.

Ши бутт гергга дарбан цIийнехь баьккхира лазийначо. Оцу заманчохь чуьйрашна 5 операци а йира. Масийттазза Ширваниев кеп-кепарчу дарбан хIусамашкахь Iиллира. Иза шолгIачу группан заьIап хилар тIечIагIдина.

Ведана кIоштарчу ТIеман прокуратуре а, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Инаhла прокуратуре а, Талламан комитете а, Коmртачу тIеман прокуратуре а елира Кюрин хIусамнана, ницкъахоша цунна тIехь динчу зуламах жоп доьхуш.

Кхелан медицинан эксперто Кюрин могушаллина зен дина хилар тIечIагIдеш, кехаташ деллехь а, талламчас ворхIозза дуьхьало йира бехкечарна дуьхьал гIуллакх долийна, уьш кхеле хIитто.

Iедалхоша шаьш дуьхьало еш бен сацамаш юхабохура: талламчаша листа деза, хаьарий оцу бахархошна контртерроран операцин раж кхайкхийна хиллийла а, хезна хиллий-те эскархоша ден омранаш а, иштта герз лелийна хилар а. Талламчаша царех цхьа а кхочуш ца дира.

Шо хьалха а, иштта Iедалхошка нийсо яре доьхуш, чуделла кехаташ юхаэца дийзира ШирваниевгIеран. Документа тIехь яздина ду, Кюрина а, цуьнан накъосташна а контртерроран раж кхайкхийний хууш хиларх, хIунда аьлча меттигерчу полисхочо дIакхайкхийна хиларна юьртахь.

Иштта, цхьахволчу эскархочо чIагIдарца, "Совца! Куьйгаш айде" аьлла, омра дича, ШирваниевгIар а, Хаджимурадов а къайла вала гIоьртира, цул тIаьхьа 6 эскархочо церан агIор герзаш диттира.

Кху деношкахь Ширваниев Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ) ваьлла. Шен дIахьедарехь цо билгалдаьккхина, адаман бакъонаш ларъечу Конвенцин 2-чу артиклца йолу йолу "дахаран бакъо" а, 13-чу артиклан "ша Iалашван эвсара кепаш лело йолу бакъо а" йохийна хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG