ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ойсхарарчу школашкарчу хьехархошна дина арз толлур ду прокуратурано


Ойсхара
Ойсхара

Ойсхарарчу школехь ца йогIу елаш йоху аьлла, яьржина информаци толлур ю Нохчийчуьрчу прокуратурано. Мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис талламан тоба вовшахтоьхна, социалан машанашкахь Гуьмса кIоштан Ойсхарарчу школашкахь доьшучу берийн дай-наношкара ахчанаш доху аьлла даржар.

Маршо Радионо хааме даьккхира, Ойсхарарчу бахархоша латкъам бина хиларх, цхьацца бахьанашца, школашкахь ахчанаш дохуш хиларх а, "Фирдаус" фирмера дешархойн духар шайга оьцуьйтуш хиларх а лаьцна, яздо "Кавказский узел" агенталлан хаамашна тIе а тевжина. Амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцйинера и информаци.

Агенталло чIагIдарехь, Ойсхаран бахархойн цIарх Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга бахьийтинчу кхайкхаман текст кхаьчнера церан SMS-сервисна тIе кху беттан 23-чу дийнахь.

Кехатан авторша шайн эвларчу школашкарчу хьолана тIе тидам бахийтар дехнера Кадыров Рамзане.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG