ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненна а гIарадевлла нах байарш


Оьрсийчоьнан бизнесхо Ланин верна бехкебина Нохчийчуьра схьабевлла бахархой

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:31 0:00
Линкана тIе

Оьрсийн бизнесмен Ланин Михаил вер толлуш, кхелан процесс йолаелла Францехь, яздо ТАСС агенталло, Парижерчу кхелахойн секретариатан хаамашна тIе а тевжаш.

Кхеле хIоттийна Нохчийчьура орамаш долу ши вахархо Арсалиев Язид а, Берсанов Руслан а. Кхиазхой болчу хенахь даймох дIатесна, хIетахь дуьйнна Францехь вехара и шиъ.

"Саратовстройстеклон" хиллачу директорна а, кхи а масех Саратовн компанийн долахочунна Ланин Михаилна а, цуьнан езар Православнова Еленина а ден Iалашонца кIелоярна бехкевеш ву, францхойн талламчийн версица, Арсалиев а, Берсанов а.

2011-чу шеран бIаьста Париже кхечира Ланин шен езарца. Сирла-сийначу хIордан йистехь бахам эца дагахь, дийцаршка баьхкинера уьш Франци. Царна дуьхьал веанчу Арсалиевс а, Берсановс а и шиъ машенахь Парижна геайоцчу Вильпент гIала дIакхетийнера, дуьйцу ТАСС агенталло.

Оцу гIалахь, цкъачунна мила ву цахуучу стага, коьртах тапча тоьхнера хьалха Ланинна, шолгIа зудчунна. Бизнесхо оцу сохьта веллера, Православова Елена чевнашца йисира. Талламчийн хеттаршна юьхьанца жоьпаш дала реза ца хилира иза, шена хIуммаъ а дага ца догIу аьлла.

Бизнесхо вуьйш гIо дина ву аьлла, Москохарчу Дорогомиловскан кIоштан кхело кхин цхьана нохчочунна Сигаури Султанна 8, 5 шо хан кхайкхийра. Бехкевечо бехк тIе а лаьцнера.

2016-чу шарахь листа а долийна, сацийра шина нохчочунна дуьхьал айдина дов. Бехкевечо мукIарло динера, зулам дечу меттигехь иза вен кхайкхийна нохчийн криминалан авторитет, шех "Валидол" олу Лурахмаев Валид а хиларх.

Иза Туркойчоьнан декъа тIехь лечкъина ву аьлла, хаамбора цуьнан барт-хаттам бархьама, иза схьавоьхучу Францин талламчаша.

Арсалиевс а, Берсановс а шаьшиннан бехк хилар тIе диттане а ца дуьту.

Арсалиевн адвокаташа чIачIдарехь, 200 евро лур ду аьлча, аэропорта цушинна дуьхьал а вахна, уьш дIакхето реза хиллера иза.

Франс Пресс агенталлана адвокаташа Саломе Пеггис а, Юи Матьес а дийцинера, "машенчохь хиллачу Арсалиевна хезийла дацара дуьйлу герзаш а, я зулам ден меттиг а аьлла, талламчаша тIечIагIдина" хилар.

Иштта Берсанов Руслана а дIахьедо, бизнесмен вуьйчу меттигехь ша вацара бохуш.

Бизесменна тоьхначу патармана тIехь йинчу ДНК-с гойту Берсановн лараш. Бизнесхо веле масех кIира хьалха шех тешам байа Iалашонца, Лурахмаевс шен караеллера тапча аьлла, кхетийра кIанта. Цул тIаьхьа цуьнца вийна а хиллера Ланин.

Оцу зуламна бехкево кхи цхьа накъост а - цуьнгахь карийна бизнесхочун а, цуьнан хIусамненан а мобилан телефон а, йовлакх а. Кхийолчу церан багажах хилларг хIинца а къаьстина дац.

"Кавказ.Реалии" портало хаамбарца, 2016-чу шеран бIаьста Иснтанбулехь лецира шеконашца Лурахмаев Валид, Смирнов Александран кехаташца. "Кавказ-Центр" сайтан администраторна Эдильгериев Iабдулвахьидна герз диттина аьлла, бехкевора Лурахмаев. "Кавказан Имарат" олучу радикалан организацино гIо латторца шуьйра евзаш яра и сайт.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а зерашца, шаьш Оьрсийчоьнан президентан администрацин белхахой ду а бохуш, миллионаш долларшкахь ахчанаш делча шаьш бизнесхой даржашка хIиттор бу бохуш, тIе а лоьцуш, леллачу киллерийн тобан хьалханча хилла ву Лурахмаев. ТIаьхьа цхьаболу бихснесхой бойура оцу наха.

"Кавказ- Центр" сайтан администратор Эдильгериев Iабдулвахьид вийна аьлла, бехкебина ца Iаш, Туркойчохь кхи а ворхI политикан эмигрант верна а юьхьарлаьцна Анисимов Юрий а, Смирнов Александр а Туркойчоьно Оьрсийчоьне дIавелира, яздира "Кавказан узел" агенталло.

"Росбалто" стохка Iорадаккхарца, Лурахмаев - "Валидол" Нохчийчохь ву.

2017-чу шеран гурахь туркойн агIоно Анисимов а, Смирнов а Оьрсийчоьне дIавелча, Туркойчу экстрадици йира ГIирман гIезалойх схьаваьллачу Украинан политикашна Чийгоз Ахьмадна а, Умеров Iилмина а

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агенташ бу элира Туркойчоьнан хаамийн гIирсаша Анисимов а, Смирнов а. Еххачу хенахь царна тIаьхьабевлла а лийлира.

Истанбулера инарла консулалло официалехь комментареш а еш, оьрсийн бахархой дIалецар наггахь хуьлу хIума ду. "Шайх хьерчо бехкаш тIе ца оьцу цара. Туристийн Iалашонашца дара шаьш боху Туркойчохь", - дIахьедира хIетахь Истанбулерчу Оьрсийчоьнан векало Подъелышев Андрейс. Цул хьалха Туркойчохь лоьцучу шайн бахархойх Оьрсийчоьнан векалалло дош ца хазадора официалехь.

Текстан автор Бзаров Аслан, гочйинарг Димаева Лиза

Мила тоьлур ву аьлла хета шуна Мейвезер Флойд Нурмагомедов Хьабибах латахь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG