ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин шаьш долчу вар тайнарш а, цатайнарш а бара Венехь


Оьрсийчоьнан президентна дика хьошалла дира Австрин Iедалхоша, ткъа Москохан политикана резабоцучара а, туристаша а шийло "хьошалла" дира.

Венехь бехачийн дахар тIекIалтеснера Путин Владимир Австри кхачаро. Австрин шахьарерчу туристашна езаеллачу меттигашка кхачо аьтто бацара гIалин хьешийн. Iуьйранна дуьйнна Iедалхоша цаторийла яцахь бен юккъерчу майдана даха ма гIерта бохуш, кхайкхамаш бора.

"Кавказ.Реалии" порталан Венерчу корреспонденто дийцира, дерриг а лерича ялхолгIа, вуьшта Оьрсийчоьнан президентан дарже ша юхахаьржичхьана дуьххьара Путин Австри варах.

Кхайкхийначу хенал а ши сахьт тIаьхьа охьадоьссира Венерчу аэропортехь президент валош деана кема.

Ша воьдучу бараме тIаьхьависина вахар дуьххьара дац цуьнан. Путин Владимиран Iедал ду массо а меттиге хьевелла воьдуш, австрихошна цунах хьовзам хилахь а.

Тера-мера дацара Путин Iалашвар: 800 полисхочо лардора цуьнан дехьа-сехьа валар, Австрин тIеман министралло царна гIоьнна кхин а 800 герзах вуьзна эскархо веллера. Венерчу гIишлойн тхевнаш тIехь снайперш бара хIиттийна, сатесча дуьйнна тIехула хьийзаш полисхойн вертолеташ а дара.

Лакхара хьеший шайн пачхьалкхе баьхкича, церан кхерамзалла ларъяр могIарера гIуллакх ду австрихошна, делахь а, Путин Владимир веача, иза Iалашвар тIехлерина хуьлу - 17 тIеман кема хуьлу цуьнан само еш, Венан стиглахула дIасалелаш.

Путинан агIончийн, дуьхьалончийн митингаш

ТIаьхьа а виссина, Вене кхаьчна оьрсийн президент кортежца Австрерчу шен коллеган резиденци воьдучу хенахь, тIеман министраллан эскархошца цхьаьна полицино йоллу гIалин юкъ дIакъевлинера. Шахьаран коьртачу кхаа майдане дахар дихкинера боллу бахархошна. Уггар хьалха и бехкам хьакхалора, хIора а шайна хеттачу кепехь президент тIелаца кечбеллачу Путинан агIончех а, дуьхьалончех а.

Бакъду, Путинан фанаташлахь вацара, дегIа тIехь татуировкаш йина, Оьрсийчоьнан байракхна юкъа а хьарчавелла иттех стаг бен а. Дуьхьалончийн митингехь алсам нах гулбеллера.

Бара царлахь нохчийн, Украинан, Шеман диаспорийн векалш а, иштта церан агIо лаьцна, царех дIакхетта меттигера бахархой а.

Оьрсийчоьнан президентан Австрин журналистца ловзавийлар

Ша Австри вале масех де хьалха Путин Владимира цхьана сахьтехь интервью еллера австрихойн телевизионехь керла хаамаш бовзуьйтучу журналистна Вольф Арминна. Австрин журналисташлахь уггар шога, юьхьанца вистхилар долуш ву аьлла, вевзаш ву и репортер. Путине а и дIахаийтина хир дара.

Цундела шен цуьнца хиллачу къамелехь ирачу хеттарех кIелхьаравала луу президент ловзаваьллера дешнашца.

Шега деллачу хаттарна дуьхьал хаттар деш, йовхарш тухуш, къежаш, хеттарш кхечарна тIе хьийсош, немцойн дешнаш къамела юкъа а далош, забаре ваьллера Вольфца. Масийттаза собар доцуш ву хьо, ахь дош ала а ца вуьту ша, юкъахвохуш элира Путина.

Оьрсийчоьнан Iедал Путинан гергарчу стагехула, "троллийн фабрикан" урхалла дечу Пригожин Евгенийгахула а,

хакерийн тобанашкахула а кхечу пачхьалкхийн гIуллакхашна юкъагIерта журналисто аьлча, цкъа Iоттабаккхамбан гIоьртира Путин: "Ресторанан бизнес лелочу стеган ницкъ бу аьлла хета шуна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь я Европерчу цхьана пачхьалкхехь дIахьочу харжамашна тIеIаткъам бан? Воьлу хIума дац иза?"

Ткъа Вольф Армин къар ца лора. "Господин президент, бакъ ма дац иза. Ресторанаш лелийна ца Iаш, Пригожинан дуккха а фирмаш ма ю, тIеман министраллаца бертахь. Миллионашкахь долларшкахь ахча ма дойу цо оцу троллийн фабрикана. Рестораторна хIун оьшу и", - хаьттира модераторо, схьагарехь Европерчу журналисташлахь Оьрсийчоьнан президенте юьхьдуьххьал бакъдерг аьллачух цхьаъ волчу.

"Цуьнга шега хаттахьа", - аьлла, жоп деллера Путина. Ишта-м Iамеркехь а ву цхьа Сорос, доллу дуьненчуьрчу гIуллакхашна юкъагIерташ аьлла, тIе а тухуш.

ГIирмана йинчу аннексех а, ахгIайре Украинана юхаяларан хьелаш дийцадаьхча, президенто Путин Владимира элира, цу хьокъехь дийцарш дан а дац, ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохар ахгIайритIехь бехачу бахархойн маьрша лаам бара аьлла.

"Кхин цхьана даштIехь а лаца ас хьо?- хаьттира журналисто. – Ахь бохург бакъ делахь, Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а бахархойн а таро яр-кх референдум кхайкхийна, Оьрсийчоьнах дIакъаста?".

"Ал-Къайда" радикалан элементаша Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIа а къастийна, Iаьржа хIордантIера Таркхойн хIорда тIе кхаччалц халифат дIахIотто гIерташшехь, нохчийн къомо харжамашкахь шайн лаамехь къастийна Оьрсийчоь аьлла, дехха дийцира Оьрсийчоьнан президенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG