Оршотдийнахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь ифтар дIадаьхьира. Верриг а цигахь гулвелларг, болчу хаамашца, 20 эзар гергга стаг хилла. Марха даста шаннаш хIиттийнера регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Ши эзар гергга могIа бинера коьртачу маьждигна хьалхарчу майданахь нахана юучух кхета охьахаа, Узбекистанера лерина кхайкхина балийначу говзанчаша плов кечдинера.
"Ифтарна кечам муха бо хьожуш, гIали юккъехула волавелира со, баркалла элира иза вовшахтоьхначарна", - аьлла, яздина мехкан куьйгалхочо ВКонтактерчу шен агIон тIехь.
Кадыровс бахарехь, ифтарехь бара луларчу республикашкара хьеший а цхьана.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?