Соьлжа-гIалахь тховкIело йоцчу 48 доьзална петарш елла шаьш аьлла, дIакхайкхийна махкарчу Iедалхоша. Оцу юкъанна бахархоша дийцарехь, рогIехь хьоьжуш ву хIинца а 14 эзар стаг. Царна хетарехь, социалан хIусам ялар – кхаж балар санна хIума ду.
Iедалхоша шаьш къаьсттина къоьллехь болучарлахь дIасаекъна боху хIусамаш. ХIетте а бахархоша доьху хьаькамашка, мискачарна хIусамаш шаьш йоькъучу хенахь дийриг довза а довзуьйтуш дар.
ХIусамаш Кадыровн цIарахчу фондо екъна сагIина аьлла, дIахьедина. "Пачхьалкхан декхар и хилча, стенна юьйцу фонд? Сан йоI заьIапхо ю, кхо бер ду цуьнан. Нехан хIусамашчухула йолаелла лелаш ю иза берашца, гIо деш стаг а воцуш. Кадыровн фонде, администраци, юкъаралхошка, цо гIо ца доьхуш меттиг бисина а бац, хIетте а цхьацца бахьанаш а хIиттош, жоп ца ло", - аьлла дийцина "Кавказан узел" агенталле Соьлжа-ГIаларчу Дешис.
Оцу юкъанна, керла гIишлош кхачо йоллуш йина аьлла ца хета махкахошна. Масала, Куьршалахь ков-керташ дIахьаькхначул тIаьхьа керлачу хIусамашка дехьабаьхна юьртахой реза бац шайн Iер-дахарна. Цара даредарца, даим тIуналла лаьтташ, пенаш тIехь туьха а маттар а гулло церан хIусамашкахь.