ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дисней" студи кино йоккхуш ю нохчочун сценарий тIехь


Агаев Шемал, нохчийн сценарист
Агаев Шемал, нохчийн сценарист

"Disney" компанино "Ирсе истореш" цIарца дIахьочу конкурсехь юха а толам баьккхина нохчийн сценаристо Агаев Шемала. Халкъо бинчу харжамца 50 тоьллачу декъашхошла ваьллера Агаев, цул тIаьхьа жюрино къастийра иза шаьш дагальцначу "Ирс ду - …2" филман бух билла.

Кинон сюжет забаре ю. Чулацамца а догIуш, йохка-эцаран туьканахь цхьанакхета, цкъа мацах вевзаш хилла ши стаг. Цушинна дага ца догIу, муха, маца, мичахь шаьшиъ вевзинера. Дагадаийта гIерташ дIадоьду шина накъостан доллу де. Эххар а цхьахволчун коьрте эккха, дуккха а шераш хьалха вовшийн вон чам а бойуш, шайн довзар хилллийла. Муха ю филман чакхе хаа таро хир ю тIедогIучу шеран бIаьста кино прокате яьккхича.

Маршо Радионо хьалхо яздира, шен 22 шо долчу хенахь The Walt Disney компанино кхайкхийначу сценарийн конкурсехь а толам баьккхина хиларх Тюменехь вехачу нохчочо Агаев Шемала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG