ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь полисхоша вигинарг вийна


Гергарчара полисхоша лачкъийна вигина аьлла, Несарара Алиев ИбрехIим вийна, иза вада гIоьртича аьлла, дIахьедина ницкъахоша. ИбрехIиман ваша Алиев Башир лаьцна латтош ву изолятор чохь, хаамбо бакъонашларъяран "Мемориал" центро.

Маршо Радионо яздира кху беттан 9-чу дийнахь дуьйнна вигинчу 29 шо долчу Алиев ИбрехIимах.

Мехкан куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекца а, ФСБ-н белхахошца а хиллачу цхьанакхетарехь хиъна Алиев ИбрехIиман гергарчарна шайн доьзалхо верах.

Шега хеттарш дечу хенахь стоьлтIерчу тукарх ка а тоьхна, "АллахIу акбар" аьлла, талламчана чухакавеллера иза, цул тIаьхьа вада гIоьртича, вийра шаьш аьллад у "Мемориале" кхаьчначу хаам тIехь.

Алиев Баширан гергарчаша дийцарехь, кIант хьеъкална эшна ву. ХIетте а полисхоша шайн карахь латтош ву иза.

ИбрехIиман дакъа лаьтте кховдо хIинцца а схьадалаза ду, яздо "Мемориало".

XS
SM
MD
LG