ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со берашна дарба дан гIур вара, Iамаде суна"


Дагестанера абитуриенташ
Дагестанера абитуриенташ

Дагестанерчу дешархоша къастам бина шаьш караерзон йолчу говзаллин

Школа кху шарахь чекхъяьккхинчу дукхахдолчу Дагестанерчу бераша хIинцале а къастам бина, шаьш деша муьлхачу доьшийле гIур ду а, муьлха говзалла карерзор ю а.

Кегийчу наха лоьрийн, хьехархочун, Iеламчан карьера къастайо.

Лидерашлахь юристаш бу

Официалан статистикаца, Дагестанерчу пачхьалкхан университетехь 12 эзар сов дешархо ву. Оцу лакхарчу доьшийлан студенташа езаш тIеоьцу юристан а, экономистан а професси.

Масала, юридикан факультетехь ву 471 студент, ткъа экономикан факультетехь 482 стаг. Iаламат хала ду цигахь арахоьцучу говзанчашна белхан меттиг нисъян, хIетте а терахь лакхара ду.

Дагестанан пачхьалкхан хьехархойн университете таттабелла кху шара школа чекхъяьккхина дешархой. "Кавказ.Реалии" портало хеттарш динчу берашна а, церан дайшна-наношна а хетарехь, и доьшийла уггар а приоритетехь йолучарех ю.

Дантисташ даим а мехала бу

Каспийскерчу Магомедова Залмас бахарехь, ши шо хьалха шен йоIа школа йоккхучу заманчохь, цо хиттинера дайшка-наношка, бер стенга деша дахийтар гIоле хета царна.

"Царех 90 проценто лоьрийн дешар къастийра", - дийцира нанас, кху шарахь а дукхахдолу бераш медицине кхийдаш хилар билгал а доккхуш.

Пачхьалкхан официалан терахьашца, Дагестанерчу медицинан университетехь доьшуш ву тахана пхи эзар сов студент. Махкарчу пачхьалкхан университетехь а, хьехархойн университетехь а доьшурш шозза сов хиларе хьаьжча, и терахь тIех лакхара ду. Берийн ма боьлхху медицинан доьшийле дIахIитта аьтто хуьлуш хилча, студенташ кхин а сов хир бара цигахь. Конкурс чIогIа хиларна таро ца хуьлу хьен-хьенан а чекхвала.

Гунибан кIоштарчу Гонода эвлара Магомедов Мохьмад кху шарахь медицинан факультете деша ваха лаам болуш ву.

Пхи шо ду иза цергийн лор хила Iалашо кхобуш волу. Цуьнца цхьана классехь доьшуш волу Джаватханов Джаватхан дашо мидал йоккхуш ву.

Шайн цIийнах цхьаъ мукъана а лор-хирург хир вара бохуш, шайн кIанта лоьрин говзалла къасто лууш бу цуьнан да а, нана а. Ткъа кIентан дог ца лета цу профессех. Дагестанан пачхьалкхан университетехь филологин факультет хаьржина цо.

Делахь а лор хила кечлуш ю Каспийскера Мухтарова Хьалимат. Шен ден-хирурган лорах йоьдуш ю йоI.

Ала догIу, ярташкара школаш чекхъяьхначарлахь кIезиг бац ландшафтан дизайн а, журналистика а къастийнарш а.

Динан Iилмано позицеш чIагIйо

ТIаьххьарчу заманчохь динан Iилма карадерзо луурш а бац кIезиг. Къаьсттина 9 класс яьккхина дешархой хьийсабо хьуьжаре. Хьехархоша бахарехь, дукхачу хьолахь шайн дайша-наноша тIеIаткъам барца бовлу уьш цу некъа тIе.

"Дуккха а меттигаш бевза суна, шайн бер деша стенга гIур ду - дайша-наноша къастош", - дуьйцу юьртарчу школан хьехархочо.

"Кху шарахь сан йоIа ОГЭ (9 класс яьккхича луш йолу экзамен) дIаелла. Соьга хоьтту цо, ша деша стенга гIур ю", - йоьлуш, дуьйцу зудчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG