ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гайтукаева Бана. Къоьжа IиндагIаш


A cat watches the shadows of birds near the Ayub Mosque in Istanbul in November 1999.
A cat watches the shadows of birds near the Ayub Mosque in Istanbul in November 1999.

ГАЙТУКАЕВА БАНА

КЪОЬЖА IИНДАГIАШ

ДIаоьху со меллаша. ДIаоьху жима йолуш хезна назманаш денлучу кхерча. Ас сица садоIу, со денло кху новкъа яьлча. Ас дагца дог оьцу, дIаоьхуш кху лаьмнийн новкъа. Суна аьтто агIор цхьа гIаларт хIутту. Кхерало со, амма йоха ца юху. Хотту ас: «ХIун ю хьан цIе, мичара яьлла хьуна бакъо, сан хенах ха тухуш, хIотта?»

Дист а ца хуьлуш, лаьтта иза. Юха а хотту ас изза. Цуьнан бIаьргаш чохь къоьжа IиндагIаш го. Эххар а: «Со шун цIийнан гIайгIа ю, – эли цо. – Со лела дукха хан ю, хьан тидам беш, дистхила ца хIуттуш хьоьга…». Доккха садоккху цо. Цхьа лерана хьожу иза соьга. Ас ойла йо: «Мичахь гина-те суна и къоьжа IиндагIаш?» ДагадогIу – сан ден месийн басахь ду-кх уьш.

Со оцу, къоьжа IиндагIаш севцинчу, бIаьргийн къайле еша хIутту. Ма шийла ду церан йоза. Иза соьга ца дешало. Сан даг чохь бутт лаьцна (малх?). Сан са лазадо. Со мохь тоха гIурту. Аз ца долу сан кийрара. Со дIайолаяла гIурту. Сан когаш лаьтто дIалаьцна. ГIаларто меллаша сан белшаш тIе куьг дуьллу. И деза куьг! Сан белшаш тIе дазло лекха лаьмнаш.

Со гIелло. Со когаш тIехь хала лаьтта. Со меттахъяла кхоьру, кхоьру и лаьмнаш чухерцарна, и бIаьвнаш дIашаръяларна. ТIаккха духур ду сан дуьне, соцур ду сан илли, юха а дIадовр ду дуьнена чуьра и къоьжа IиндагIаш.

Кхоьру со. Со Iадда лаьтта. Цхьа тамашийна дела озадо къоьжа IиндагIаш. Сан белшаш тIера куьг дIадолу. Сан даг тIера чхар охьабужу. «Сатесна вайна, Iодикайойла», – къайлайолу сан цIийнан гIайгIа.

«Собар дехьа! – доьху ас. – Ца го хьуна, хIокху йоццачу хенахь, сан дагна хиллачу ницкъанна сан месаша эцна хьан бIаьргаш чуьра IиндагIийн бос?

БIаьвнийн сийлалле, лаьмнийн локхалле кхийдина сан дог ма лахдехьа. ЦIий а цхьаъ ма дара вайн. Собар дехьа! Хьуна вевзарий сан денда? Мичхьаду цуьнан каш? Цо шен тIаьххьара бIаьрг бижош, хIун дийхира хьоьга, сан цIийнан гIайгIа? Собар дехьа! Со теша, цуьнан са кху лаьмнашкахь хирг хиларх. Тхан бабас даима олура: «Иза гена новкъа волуш – лаьмнашка а хьожий, новкъа волура».

Цуьнан доIа – Нохчийчоь, цуьнан жайна, цуьнан бисмалла церан цIарах хилла хилча, цуьнан са а кхуза цIа деъна хир ду сийначу Сибрехара. «ДегIах дIакъаьстича, са паргIат, шен лаамехь хуьлу», – ма олу. Хезий хьуна, собар дехьа цкъа, жоп лохьа суна». Амма и къайладолу, сан дехарна къора хилла. Къайладолу къоьжачу лаьмнашна тIейийшинчу мархашна юккъехь.

Тап-аьлла, тийна хьоьжу соьга къоьжа, собаре лаьмнаш: «ЙоI, хьо тхан йоI елахь, тхох Iама собаре хила», – бохуш санна.

Ас белшаш нисйо. Курра корта хьалаойу. Деттало дог. Дика ду шу сан долуш, лаьмнаш. Шу мукъане а сайн долуш, йоккхае-кх, дендас а, дас а куьг лаьцна, оцу лаьмнашка ялар сайн ца хиллехь а. Шу сайн долуш, йоккхае-кх…

Гайтукаева Бана нохчийн гояьлла байтанча яра. Иза дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран чиллан-беттан 23-чудийнахь ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь. 1966-чу шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь иза ВаларгтIерчу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша. 1986-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хIоьттира. 1986-1991 дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Бертан декъашхо хилира Бана. 1994-чу шеран заздоккхучу-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаелира Бана.

XS
SM
MD
LG