ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Акха дивизина" хIоллам бугIуш бу Соьлжа-ГIалахь


Байначарна а, зенаш хиллачу берашна а гIо латточу Къоман центран Iуналлин Кхеташонан куьйгалхочо Мильская Еленас а, нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана а хIинцале бIаьргтоьхна Соьлжа-ГIалахь "Акха дивизина" хIотто леринчу хIолламан проекте. Цунна тIехь гоьбевллачу скульпторийн тобано болх бен кхо шо а дара.

"Дошлойн дивизин нохчийн полк гуттаренна а йисина Оьрсийчоьнан исторехь. Дуьненан Хьалхарчу тIемашкахь майраллица летта дивизин дошлой. 1914-чу шарахь императоран омраца вовшахтоьхначу дивизино дикачу масалшца гайтина ша тIеман аренашкахь. Со тешна ву, "Акха дивизин" турпалхойн сий дан деза аьлла. Цундела Соьлжа-ГIалахь царна хIоллам хIотто Iалашо лаьцна ас", - яздо Кадыровс Mylistory социалан машанехь.

Историкаша дийцарехь, "Акха дивизи" юкъайогIуш 6 полк хилла. ГIебартойн, шиъ нохчийн, гIалгIайн, гIезалойн, шиъ дагестанхойн – 6 полк. «Акхачу дивизе» кхача гIерташ хилла вуно яккхий цIерш а, таронаш а йолу эпсарш. Масала, Наполеон-Мюрат, гоьваллачу Наполеонан тIаьхьенах ву иза, гIажаройн паччахьан воI Къаджар Фейзулла, Толстой Леван воI Михаил, Италин графаш, Польшин эланаш.

XS
SM
MD
LG