ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьмнийн меттанаш Iамор берийн лааме дуьллучу низамна дуьхьал петици кечъеш ю Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах. ХIинцале цунна куьйгяздина 40 эзар стага, яздо "Кавказан узел" агенталло. Петицицин инициативан тобано Change.org сайтехь зорбане яьккхинера кхо бутт хьалха, пачхьалкхан Думе "Дешарх" долчу, ненан меттанаш Iамор берийн а, церан дай-наной а лаамехь дуьту низаман проект кховдийначул тIаьхьа.

Цу низамо меттанаш хIаллакдийр ду, шаьш меттанашна тIе куьйгаш кхоьхьуйтур дац, низам демократин, нийсонан хорша дерззалц къуьйсур ду бохуш, критике диллинера юкъадаккха лерина низам Оьрсийчоьнан юкъаралхоша.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 19-чохь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думас ненан меттанаш Iамор берийн а, церан дай-наной а лаамехь дуьтуш федералан низам тIеэцарх.

XS
SM
MD
LG