ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магнитогорскерчу психиатрин дарбан хIусамехь карийна тутмакх Клых


Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь оьрсийн федералан эскаршна дуьхьал летта ву аьлла бехкевина, Оьрсийчохь набахтехь даккха 20 шо кхайкхийна украинхо Клых Станислав Магнитогорскерчу набахтехь долчу психиатрин дарбан цIийнехь ву аьлла, хааме даьккхина Фейсбукерчу шен агIон тIехь бакъонашларъярхочо Щур Татьянас.

Хьалхо Клыхан адвокато Качанов Романа дIахьединера, цуьнца Верхнеуральскехь цхьанакхеттачул тIаьхьа, иза психиатрин цIийне дехаьваккха кечвеш ву аьлла.

Бакъоларъярхочо бахарехь, мел а гIоле веана Клых, делахь а бозуш боцчу лоьрашка-говзанчашка таллийта дезаш ду цуьнгара хьал. Иштта Щур Таттянас билгалдаккхарца, Украинан омбудсмен тIекхачийта а еза цунна, коьртаниг - катоьхна шен цIа дIахьажо везаш а ву иза.

Клых а, Карпюк Николай а Оьрсийчохь лецира, ткъа 2016-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш бина а ву, оьрсийн эскархой байина а ву аьлла, кхел йира цу шинна тIехь.

Бехкаш шиммо а тIе ца лецира, тIехь латточу Iазапашна тоха са а ца хилла, бехк тIелаьцнера шаьшиимо аьлла, дIахьедар динера шина украинхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG