ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь балха баха меттиг йоцучийн терахь лакхадолуш ду


Цхьана кIиранчохь белхан меттигаш йоцучу пачхьалкхерчу бахархойн терахь 1, 7 проценте охьа а даьлла, Оьрсийчоьнан къинхьегаман министраллан зерашца, 709 эзар 960 стаг висина церан чоьтехь. Байначу беттан юьххьехь дуьйнна лахдала доладеллера балхахь боцучу нехан терахь. Шо хьалха пачхьалкхехь белхан къоьлла хьоьгуш вара 830 эзар 320 стаг, дуьйцу министралло.

Цара дIахьедарца, Оьрсийчоьнан 81 регионехь балхахь боцчийн тептар жимделла.

Тулан кIоштахь а, Мордовехь а, Нохчийчохь де дийне кхуьуш ду белхазалла ловчу бахархойн терахь.

Оцу юкъанна вице-премьера Голикова Татьянас аларца, пачхьалкхехь балха хIитта меттиг йоцучу нахалахь бу 20 шарера 34 шаре буьйлу кегийрхой.

XS
SM
MD
LG