ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Осмаев Адама дуьйцу кIелонаш ярх, Аминех, Донбассерчу нохчех


"Тхо цхьанна а тIелетта дац : я Ичкери а, я Украина а. Тхайн латта Iалашдеш ду тхо"

Осмаев Адам – шен лаамехь араваьлла эскархо ву. Украинан Малхбалехь пачхьалкхан ницкъашца цхьаьна тIемаш бечу Дудаев ЖовхIаран батальонан хьалханча ву иза. Масийттазза тIелатарш динчул тIаьхьа а, шен хIусамнана Окуева Амина йийначул тIаьхьа а Осмаев дуьхьалваьллера журналисташца къамелдан, амма цхьа хан яьлча иза реза хилира Маршо Радион "Донбасс.Реалии" проектна интервью яла.

Оьрсийчоьнан президент вен Iалашонца кIело кечъеi хилла аьлла, 20I2-чу шарахь Украинехь лаьцнера Осмаев. 20I4-чохь ша арахецначул тIаьхьа Донбассе дIавахара Адам. Дудаев ЖовхIаран батальонах дIакхийтира иза. I0I5-чу шарахь батальонан урхалле хIоттаво иза. 20I7-чу шарахь шозза кIело йо цунна.

Осмаев Адамца къамелдан аьтто ма моьтту сиха ца хилира тхан. Шена кIелонаш йинчул тIаьхьа хаамийн гIирсашца ша цхьаъ ца вуьйлу иза, хIунда аьлча, журналист ву аьллачу киллеро тешнабехк бинера цунна цкъа.

ХIетахь дуьнна гIагI диллинчу жилетах къаьсташ вац Осмаев Адам.

Ларваларан кепех

- ХIинца а вуй хьо гIагI диллина жилет йоьхна?

- ХIинца вац. ХIунда аьлча, ас зийна шу. Суна билггал хаьа, шу журналисташ дуйла.

"Тахана суо верриг а ларвархьама – со кхоччуш дIахада веза нахана юкъа вуьйлучух, ас кIезиг дийца деза хийрачу нахана айса дечух, дендолчух, муьлххачу а цхьанакхетарх ларлуш хила веза. Сайна лучу совгIаташца а сема хила веза со"

Донбассерчу нохчех

ХIинца Донбассехь ца хуьлу Осмаев. Хьалхо хиллачу хаамашца, шайн лаамехь вовшахкхетта мел лаххара а кхо дакъа дара цигахь, нохчийн бух тIехь лаьтташ: Дудаев ЖовхIаран батальона, Шейх-Мансуран цIарах ерг, "Шалена Зграя"а. Хьалхабевлла, шаьш гойтуш лелаш бацахь а, дуккха а бу нохчий хIинца а дуьхьало латтош.

"ДIоггара хаалуш бац уьш хIинца. ХIунда аьлча, цаторийла а яц церан Iорабийла. Украинан ницкъашца (ВСУ) цхьана бу уьш, царна а оьшуш яц реклама. Цундела тапъаьлла шайн гIуллакх до-кх цара".

Дуьххьарлера кIелояр а, талламбар а

20I7-чу шеран аьхка Украинехь дуьххьара тIелатар дира Осмаев Адамна. ХIетахь цуьнан хIусамненан Окуева Аминин аьтто белира зуламхо герз тоьхна, вожон. Оьрсийчоьнан вахархо Кринари Артур хиллера иза. Осмаев тешна ву, киллер Москохан омраца дуьхьалваьллера аьлла. Амма талламхойн и верси тIечIагIъеш тоьшаллаш дац.

"Юридикан кIоргаллех кхеташ хила веза: шайн тIечIагIдан бух боцург дуьхьалдоккхийла яц церан. Цу кепара зуламаш Iаламат хала ду тIечIагIдан, нагахь оцу стага ша къаро ца яхь".

Бехк тIе ца лоцу Кринарис. Прокуроран бехкбуьллучу акт тIехь яздина ду, тIелатаран бахьана – Кринарин Осмаевга хилла цабезам, аьлла. "Оьрсийчоьнан ларх" дош а дац.

"Суна я вевзаш а, я цкъа гина стаг а вац Кринари. ЦIеххьана со вен ойла хIунда хилла цуьнан? Со долчух а ма-дарра кхеташ ма ву".

Окуева Аминех а, шолгIачу тIелатарх а

Стохка гурахь юха а кIело йира Осмаевна муьлш бу цахуучу наха. Шен хIусамненаца Аминица машенчохь иза воьдучу заманчохь герзаш диттира машенна тIе.

"Машен дIахьовзочу хенахь лагIдо цуьнан хахкар- циггахь еш ю кIело. Юьхь дуьххьал герз тухийла ю тIаккха. ДIоггара хьекъал ца оьшу и хаа".

Осмаевна чевнаш йира, ткъа цуьнца цхьана хилла Окуева Амина, йийра.

"Моторах герз кхетарна халла йоьдура сан машен, амма со кхиира жимма дIаваха. Аминина гIо кхачо гIоьртира со, делахь а иза дийна хиларан цхьа а билгало яцара цуьнца. Ас бахьанаш лелор эрна дара, герз коьртах кхеттера цунна".

Дуьххьара царна кIело йинчул тIаьхьа, ха деш нах бара царна хIиттийна Украинас. Амма оцу заманчохь Осмаев а, Окуева а хадархой цхьана боцуш, шаьш хиллера. Хадархойн белхан контракт чекхдаьллера, ткъа Осмаев Адама юхакарладаккхар ца дехнера.

"ТIемало санна дIаяхана иза. Оха юьхьарлаьцначу некъа тIехь тхайна хIун дуьхьал дала тарло хаьара тхуна. Аминас даим а олура, ша суна дуьхьало латтор ю. Ас цкъа аьллера цуьнга, цхьана ханна суна уллора дIа а яьлла, юьстах Iен езара хьо аьлла. Со кхеташ вара, сайна тIаьхьа бевлла нах буйла. Амма иза реза ца хилира. Шена суна уллохь хила лаьа, олура цо, оьшучохь дуьхьалхIотта а".

Окуева ер талларх

Окуева Амина йийна 8 бутт а баьлла, ткъа Киевн полицино шеконашка эцна стаг а вац хIинца а. Изза хьал лаьтта вийначу нохчийн тIемалочун Махаури Тимуран гIуллакхан хьокъехь а.

Киев гIалин юккъехь эккхийтира цуьнан машен стохка гурахь.

"Со доллучух а кхеташ ву, талламбар катоьхна доьрзийла а лаьа. Делахь а, со сиха вац. И Iаламат чолхе процесс ю. Украина тIеман хьолехь ю хIинца а, йоьхна-яьржина ю ницкъаллийн структураш. Вай тешна Iийр ду-кх, шайн болх дика бан болор бу цара аьлла".

ТIелатарийн талламаш беш таьжгенаш дуьхьалюьйлушшехь а, шен дахарна кхерам лаьтташехь а, Осмаевс ша Украинера ваьлла, цхьанхьа а дIаваха дагахь вац боху.

"Ас боккха мах дIабелла, кхи дIа а бала кийча а ву со, со Делах тешаш стаг хиларе терра. Тхо нийсачу некъа тIехь дуй хууш ву со. Тхо цхьанна а тIе ца летта - я Ичкери а, я Украина а. Тхо тхайн латта Iалашдеш ду. Iаламат хала ду, амма дахар иштта ма ду. Эшамаш боцуш тIом хуьлуш ма бац. Тешна Iийр ду-кх, тхаьш къийсам латториг, тхайн карахь дуьсур ду аьлла.

Тахана харжамаш хилча, мила хоржур вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG