Бакъонашларъяран "Мемориал" центрах а, Соьлжа-ГIаларчу цуьнан офисан куьйгалхочух Титиев Аюбах а лаьцна керла, уьш "Iорабохуш" сюжет гайтина мехкан "Грозный" телеканалан эфирехь.
Кадыров Рамзан урхалле веачхьана Нохчийчохь дIахIоьттина маьрша дахар, паргIато ца лало бакъонашларъярхошка бохуш, кхийкхадо рогIерчу леринчу репортажехь.
Цара бахарехь, Кадыровна дуьхьал бечу информацин тIеман сценарица а догIуш, Титиевна гонах гIовгIа эккхийтарца маьрша хьал талхо гIерта либералан хаамийн гIирсаш а цхьана.
Соьлжа-ГIалин зазадаьккхинчу урамашкахь самукъанна шайн берашца арабевллачу доьзалийн фонехь дIахьош ду дийцар.
Амма цхьа дош а ца олу сюжетехь меттигерчу Iедалхойн пурбанца полисхоша дийнан делккъахь лечкъочу адамех, царна тIехь лелочу къизаллех, Iазапех.
Ца дуьйцу Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь "Мемориало" бахархойн бакъонаш хьешна меттигаш Iора а бохуш, уьш царна гIаролехь латтарх а.
Цхьа дош ца олу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо лаьттина Эстемирова Наталья ерах а.
И гуттар тамашен хета, хIунда аьлча, Эстемирова шен цIера лачкъийна дIа а йигина, ГIалгIайчоьнан дозанехь йийна нийса исс шо даьлча гойтуш хиларна и сюжет.
Делахь а, гайтинчу эфирехь Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь юкъавалийна юха а цхьа керла теш, Аюбан лулахо ву аьлла, вовзийтина Басханов Сулиман.
"Со туькана воьдучу хенахь, шина цIенна юкъахь лаьтташ цхьа стаг гира суна. Цигаьркан хьожа хааелира суна, кIомалан хьожа. Цхьана заманчохь со а ма лелла и уьйзуш, хан текхна а ву со, цундела суна дика евза цуьнан хьожа", - дуьйцу цо.
Ткъа и кIур беш хилла стаг Титиев Аюб хиллийла тIаьхьо хиира шена боху Басхановс.
"Юха туьканара гIуллакх дIа а даьккхина, Беркат базара со воьдуш, 25 шо хир долчу жимчу стагах бIаьрг кхийтира сан. Шен телефон кегош воллура иза. Цецваьллачу цо эли-кх соьга - хьажахьа! Анаша лелош хилла аьлла, Куьршала кIоштара цхьа стаг лаьцна-кх.
Хьаьжча суна вевзира Титиев Аюб. ТIаккха ас полисхойн декъехь болх бечу Ризванна тIе а вахана, сайна иза гинийла дIахаийтира", - чIагIдо тешо.
"Цхьаммо а "и ала", "хIара ала" бохуш, нуьцкъаша тIедиллина дац шена аьлла, билгалдоккху цо. Сюжетехь вист мел хуьлучо а изза даредо, хьалха телехьожийлехь мел гайтинчу эфирашкахь а санна: Нохчийчоьнан имидж бехъян гIерта журналисташ а, бакъонашларъярхой бохуш.
"Цхьа кепаш хIиттош, набахтехь волчу Титиевн суьрташ тIехь долу духар а духий боьлху кхеле а", - дуьйцу Кадыровца муьтIахь йолчу нохчийн бакъонашларъярхочо Саратова Хедас а.
Титиев Аюбна тIехIуьттуш, йолийна кампани цхьа "цакхетаме дIасаидар" хета цунна.
Нохчийчоьнан пачхьалкхан телевизионехь гайтинчу сюжетехь иштта сийсазбан гIерта гоьбевлла бакъонашларъярхой, масала, Ганнушкина Светлана, Орлов Олег, Черкасов Александр, Каляпин Игорь.
Леринчу репортажан авторшна хетарехь, Титиевн кхолламна саготта бац и нах, мелхо а, иза набахтехь виссича хазахетар долуш бу уьш.
Нохчийчоьнан имидж бехъян гIерта бохучу версина тIетов масех вевзашволу политолог а. Скайпехула хилира цаьрца къамел.
Иштта сюжетехь дакъалоцуш бу бевза нах – Умаров Джамбулат, Каримов Iалви, Алиев Тимур, Алханов Руслан. Уьш даим а къаьсташ бу Iедалан муьлххачу а сацамна тIетовш хиларца.
Доцца аьлча, кхин хIара ду аьлла керла хIуммаъ ца хазийра сюжетехь.
Амма цхьабакъду, бакъонашларъярхой вочу суьртехь гойтуш тIаьххьара яц цу тайпа репортаж.
Кеста Шеларчу кхелехь йолош ю Титиев Аюбна дуьхьалдаьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан кхеташонаш.
Кхааридийнахь ю гергарниг. ЛадоьгIийла ю-кх Соьлжа-ГIаларчу пропагандин телевизионехь керла "бакъдерг" гучудоккхучу эфирашка.