"Исламан пачхьалкх" тобано дIалаьцна латтийначу территорина тIера Шемара а, Иракъера а Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадерзоран болх, ма дарра аьлча, сецна, хаам бо ББС-но, Нохчийчуьрчу бакъонашларяърхочунна Саратова Хедина тIе а тевжаш.
Цкъачунна цIадерзо аьтто боцуш Иракъехь дуьсуш ду дай-наноша "Исламан пачхьлкхах" дIакхета боьлхуш Оьрсийчуьра дIадигина лаххара а 25 бер. Оьшуш долу кехаташ доллушехь БагIададерчу набахтехь латтош ду уьш.
Иракъера а, Шемара а зударий а, бераш а цIадерзоран болх сецира 2017-чу шеран ГIура-баттахь. Тамашийна хIума ду иза хилла хилар, цу гIуллакхана Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гIортор йинчул тIаьхьа, яздо ББС-но.