ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кIелхьарвалар хиллий-те паччахьан кIентан?


Мусаев Нажмудис бахарехь, паччахьан цIийнах доьзал

Нохчийчуьрчу МусаевгIеран доьзало шаьш паччахьан Николой ШолгIачун тIаьхьенах ду боху. "Кавказ.Реалиин" корреспондент хилира церан хIусамехь.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:44 0:00
Линкана тIе

Масех шо хьалха 61 шо долу Мусаев Нажмуддин Мусостовичах Романов Николай Алексеевич хилла. Шен ден тIаьххьара "шайн бакъ йолу цIе тIеэцалаш" аьлла лаам, кхочушбина ша боху цо.

Иза а, цуьнан гергарнаш а тешна бу, шайн да Мусаев Мусост 1918-чу шарахь Екатеринбургехь совдегаран Ипатьевн хIусамехь боллучу паччахьан доьзална тоьпаш тухучу хенахь, дийна висина паччахьан кIант Романов Алексей ву аьлла.

- Николай, хьан историно, цкъа делахь, массеран а терго шена тIеийзайо, юха а цецвоккху... Муха нисделла хьан дех Мусостах Алексей хилар?

- Тхан да доллучу шен дахарехь схьаийна воцуш, тийна-тапъаьлла вара. Шен дахарх лаьцна цхьа хIума ца дуьйцура цо тхоьга. Цхьнхьа а болх бина вац иза, амма сих-сиха цIера волура иза, юхавогIуш дуккха а ахча дохьура цо, и ахча еххачу ханна тоаме а хуьлуру тхуна.

1983-чу шарахь ду-кх и, ша вала 3 шо дисича, тхо, шен кIентий тIе а кхайкхина, йийцира цо шен къайле. Ша Мусост вац, паччахьан тIаьхьенах висина Романов Алексей ву аьлла.

- Дийцахьа, цуьнан дахаран некъах, муха кхаьчнера иза Нохчийчу, Мусост цIе а хьан тиллинера цунна?

- Паччахьан доьзал Екатеринбургерчу совдегаран Ипатьевн хIусаме дIакхалхийча, паччахь кхеттачух тера ду, гIуллакх муха доьрзур долуш ду. ТIаккха цо цIечу комиссарца барт бина хилла, Алексей кIелхьарваккха. Шайн цIийнах цхьаъ мукъна а дийна виса лууш хилла хир ву-кх паччахь. Цхьа документаш а, ахчанаш юкъа а дехкина, гIодаюкъах хьарчо доьхка кечдина хилла цунна. Алексей реза а хиллера вада, амма Iуьйранна, шен нах кхи гур бац-кх шена аьлла, кхеравеллачу цо дуьхьло йина хиллера.

Амма дас, ша паччахь хиларе терра, омраца тIедожийна хиллера цунна, эскаран декхарийлахь шен воI хиларе терра. ТIаккха дуьхьалвала ницкъ ца тоьъна, ден дехар кхочушдан дезнера цуьнfy. Иштта ведда ваьлла хилла иза хIетахь.

Мусаев Нажмудин паспорт
Мусаев Нажмудин паспорт

Шен ден дийцарехь Романов Николайна дага ца догIу, Кавказе кхачале мел дукха некъ бина хилла цо. Цигонийн четарехь, талорхошна юкъахь цхьа хан яьхьна цо. Дукха ваьлла а лелла иза. Лайн оьланехь ша буьйса яккхар а дийцинера цо, шело а ца хаалуш. ХIусамашкахь наха тIеоьцуш а хиллера иза, амма мила ву хиинчул тIаьхьа аравоккхуш хилла. Мухха делахь а, Нохчийчу кхаьчна иза. Шелахь базарахь Мусаев Мус цIе йолчу цхьана стага кхунах доглезна, тIеэцна а хиллера иза.

- Мус йохка-эцар лелош стаг вара. Оьрсийн мотт хууш а хиллера цунна. Алексейх къахеттачу Мусас Ведана кIоштарчу Заозерное олучу эвларчу шен гергара нах болчу дIавигинера иза. Ша дьуххьара ялийначу зудчо вина доьзалхо ву хIара, цкъачунна шен цIа вига аьтто бац аьлла хиллера цо веданхошка, и кIант дIатарвеш.

Амма масех шо даьлча ша волчу дIавигинера цо иза. Мусост аьлла Алексейн цIе а хийцина хиллера хIетахь, нохчийн мотт а Iамийнера цунна, маьршша буьйцура цо нохчийн мотт. Ишта доладелеллера паччахьан цIийнах волчу Алексейн дахар.

- Шун ден леларца, боларца къаьсташ хуьлурий иза паччахьан цIийх хилар? Беран хенахь ма ца кхаьчний иза Нохчийчу, кхеттал кхиазхо ма хиллий иза цу хенахь.

- Ас ма дийццара, сан да тийна-тапъаьлла стаг вара. Иза вала кIезиг хан йисича бен ма ца хиъна тхуна бакъдерг. Паччахьан массо а доьзалхой а санна, гемофилия (наггахь бен ца кхета цIийца йоьзна цамгар) олу цамгар яра цуьнца.

Ша ахча стенгара оьцу суна гайта лууш вара иза, ша цхьана дийнахь цига вигар дехнера цо. Со гал ца валахь, я Хьалха-Мартана, я ТIехьа-Мартана яр-кх иза. Цу хенахь со республикехь гоьваьлла спортхо вара, сан хан ца хилира цуьнца ваха. Иштта и шен къайле шеца дIаяьхи-кх цо.

Нохчийчуьрчу Мусаев Нажмудин версица, паччахьан воI Алексей
Нохчийчуьрчу Мусаев Нажмудин версица, паччахьан воI Алексей

Романов Николай – Мусаев Нажмуди къоначу хенахь штанга ойбучу спортехь дика гайтамаш баьхначех ву.

Советан заманхь мастер спорта а ваьллера иза. Цуьнан ший а кIант а ву тахана спортехь. Жимахволчу кIанта а, йоIа а схьаэцна РомановгIеран фамили, хIинца и шиъ Романов Дмитрий Николаевич а, Романова Луиза Николаевна а ду.

Паччахьан доьзалера шаьш хилар гуттар тIечIагIдархьама ДНК-анализ ян лаам бу РомановгIеран-МусаевгIеран. Гергарло дуста материал Японехь йолуш ю. Японхойн самурайно Николайна турца чов йинчу хенахь цунах йисина цIийх юьзна коч ю Японехь ларъеш.

Амма доьзалан ахча дац экспертиза яйта.

ТIаккха а шеконаш ю церан, шайн ДНК-экспертизан жамIаш хийцарна.

МусаевгIар-РомановгIар иштта кхоьру, шайн ден каш къайлах ахкарна а. Цундела цуьнан каш тIера чурт дIадаьккхина цара, нахана ца довзийта.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Тахана харжамаш хилча, мила хоржур вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG