ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гелдаганарчу кешнашкахь дIавоьллина Темерханов Юсуп


Омскерчу дарбана хIусамехь кхелхинчу тутмакхан Темерханов Юсупан дакъа цIакхачийра Нохчийчу делкъалтIаьхьа. Ерриг республикера а, луларчу регионашкара а эзарнаша бахархоша дакъа а лоцуш, дIавоьллира иза Гелдаганарчу кешнашкахь. Пхи шо хьалха Темерханов Юсуп, 15 шо хан а тоьхна, чувоьллира 2011-чу шарахь Мангал-баттахь Буданов верна. И стаг, 10 шо хан а тоьхна, чувоьллинера, Нохчийчохь, хьийза а йина, 18 шо долу йоI ерна. Амма 6 шо даьллачул тIаьхьа хенал а хьалха дIахицира иза колонера. 2011-чу шарахь Мангал-баттахь Москох вийра Буданов. Талламхойн версица, Темерханов Юсупа 8-зза тапча тоьхнера Будановна. Кхело сацам бира цо иза дина, цу стаге цабезам хиларна аьлла.

XS
SM
MD
LG