ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темерханов кхалхарх Кадыровга бехкбаьккхина Осмаев Адама


Осмаев Адам
Осмаев Адам

Омскехь набахтехь Темерханов Юсуп валарна жоьпалла "нохчийн мотт буьйцучу Оьрсийчоьнан турпалхошна" тIехь ду аьлла, Дудаев ЖовхIаран цIарахчу Украинерчу нохчийн батальонан куьйгалхочо Осмаев Адама.

ЦIерашца Осмаевс и турпалхой ца хьехабахь а, кхеташ ду, цо буьйцурш Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а буйла: уьш бу "Оьрсийчоьнан турпалхой", цара буьйцу нохчийн мотт а.

Карладоккху, дахначу пIераскандийнахь Iуьйранна кхелхина, 2011-чу шарахь экс-полковник Буданов Юрий вийна аьлла, бехк хьарчийна, набахтехь хан токхуш хилла Темерханов Юсуп.

2000-чу шарахь 18 шо долу нохчийн зудабер Кунгаева Эльза шен хIусамера лачкъийна дIа а дигина, садукъийна йийнера Будановс.

"Масех шарахь набахтехь ницкъбинера Юсупна тIехь, тахана шен къоман сий лардеш, велла иза, - дIахьедо Осмаевс, Ичкерин байракхна хьалха хIоьттина бинчу видеокхайкхамехь. – И дерриге а хуушшехь, иза ца вейта бахьанаш ца лелийра нохчийн мотт буьйцучу "Оьрсийчоьнан турпалхоша".

Осмаев Адама бахарехь, "аьтто бу церан милла а набахтера араваккха а, шайна ца оьшург цу чохь валло а".

Оцу контекстехь Осмаевс дагадоуьйту, 2017-чу шеран аьхка "Динго" ник лело, Денисултанов Артур (Курмакаев, Каринари) шена кIелоян гIортар.

Нохчийчуьра схьаваьлла Денисултанов 2010-чу шарахь бархI шарна набахте хьажийнера, 7, 5 миллион сом лачкъорна, амма стохка аьхка, ша францхойн журналист ву бохуш, Украине а веана, Осмаевца интервью ян дагахь ву ша аьлла, иза вен гIоьртинера иза.

Денисултановс герз тоьхнера Адамна, амма цуьнан хIусамнанас Окуева Аминас дуьхьал тапча а тухуш, лазийнера иза.

Ша Окуева Амина йийра стохка гурахь, цуьнан цIийндена йинчу кIелонехь.

"Со вен ваийтина "Динго" набахтехь хила везаш ма вара, делахь а, иза маьрша а ваьккхина, Украине хьажийнера, нохчашна дуьхьал тIом бан", - дуьйцу батальонан хьалханчас Осмаев Адама.

Осмаевна хетарехь, Темерхановна а, кадыровхошна а юкъара коьрта башхалла хIун ю аьлча, и ший а хьенан турпалхо ву къаьсташ хилар ду.

"Царна оьшуш ма бац Юсуп санна турпалхой, хIунда аьлча, Юсуп нохчийн къоман турпалхо ву, ткъа уьш, цара шаьш бахарехь, "Оьрсийчоьнан турпалхой" бу. Буданов а ма вара оьрсийн турпалхо, ткъа Юсуп тайпа турпалхо царна оьшуш вац", - тIекхио гIерта Осмаев.

Темерханов схьаваьллачу Гелдгана, цуьнан тезета луларчу республикашкара а, Нохчийчоьнан массо а маьIIера а нах баьхкира. Веллачун дакъа цIа а кхачадале, хIоттийнера иза ваьхначу юьртахь тезет, цу кепара хIума наггахь бен хуьлуш дац Нохчийчохь.

Махкахоша шаьш даре а деш, оцу барамехь Нохчийчохь тезет хIоттаза дукха зама яра.

Къам гIаттарна чIогIа ларлуш реакци йира Кадыровс. Шех хьакхалучух а, шен дийца гIуллакх доцучух а цхьана, социалан машанашкахь комментареш юьту Кадыров, юьхьанца гIеххьа тийна Iийра. Шоьтан суьйранна яздира цо, ша ТемерхановгIаьрга тезета кхачарх а, цуьнан нахе кадам барх а.

Темерханов турпалхо хилар тIе а чIагIдеш, Кадыровс дIахьедира, оьрсийн хилла полковник Буданов цо вийна вацара аьлла. Халкъана гергахь турпалхо вина цунах "кхелахойн гIалато" аьллера мехкан куьйгалхочо.

Тергамчийн хьесапца, Темерхановн кхалхаро Нохчийчоьнан Москохе боккъал а йолу юкъаметтиг гучуяьккхина. Путине шен безам Кадыровс балхочу юкъанна, дукхахберш духе ца кхуьу, я теша а ца теша, ши тIом лайначу нохчех муха хилла Оьрсийчоьнан патриоташ, бохучух.

"Тахана лаьттачу хьолехь, нохчаша шаьш гайтина суна хазахета. Бакъдерг аьлча, ца моьттура суна иштта хир ду. Боккха къинхетам бу, со нийса ца хилла, деанчу воно тешам белла, къам цхьаъ хиларан. Тхан мостагIаша а цуьнан терго йина хир ю аьлла хета суна. Хала хеташ делахь а, уьш а дукха ма бу тхан", - боху "Кавказ.Реалии" портале нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо лаьттинчу, философи Iилман кандидато Тепсаев Аптис.

Оха хааме даьккхина ма-хиллара, социалан машанашкахь беш кхайкхамаш бу, Темерханов Юсупан цIе халкъалахь йисийтар, доьхуш.

ГIалин карти тIехь хийцамаш бина цара хIинцале а: Кадыров Ахьмадан цIарах проспект Темерханов Юсупан цIарца ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG