ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбан цIийнера араваьккхина Клых Станислав


Клых Станислав
Клых Станислав

Нохчийчохь тIемалошца Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бина ву аьлла, 20 шо набахтехь даккха хан тоьхна Украинан вахархо Клых Станислав Магнитогорскерчу психиатрин хIусамера араваьккхина. Ша хиллачу Челябинскерчу набахте юхавалийна иза, хаамбина ТАСС агенталле еаридийнахь оцу регионерчу бакъонашларъярхочо Павлова Маргаритас.

Хьалхо Маршо Радионо яздира, Мангал-беттан 28-чу дийнахь ФСИН-ан Магнитогорскерчу психиатрин цIийне дарба лелон дехьаваьккхина аьлла.

"Дарбан курс чекхъяьлла, Клых набахте юхавигина. Шен лаамехь валийнера иза дарбан цIийне. Карарчу хенахь шен могушалла ялхош вац иза", - аьлла Павловас агенталле.

2016-чу шарахь лецира украинхой Клых Станислав а, Карпюк Николай а Нохчийчохь тIемаш бина, оьрсийн эскархой байина а ву аьлла, кхел йира цу шинна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG