ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Корах чу герз тоьхна, ларамза йоI ер юха талла долийна Нохчийчохь


Цхьа могIа кхачамбацарш дитина полисхойн декъехь лаьттинчу Нохчийчуьрчу вахархочо ларамза корах герз а тоьхна, йоI ер толлучара аьлла, дIахьедина еаридийнахь прокуратурано.

Маршо Радионо яздира, кху керлачу шеран буьйсанна корах чу тоьхначу герзо Соьлж-ГIаларчу школан 9-чу классера дешархо Д ерах.

Маршо Радион хьостано дийцарца, микрорайонерчу шайн хIусамехь хIума кхоллучу чоьнахь гIентахь хиина Iен йоI корах чукхеттачу молхано йийра.

Дуьххьалчу цIачуьра керла шо даздеш, герзаш деттачу 20 шо долчу Росгвардин декъан эскархочун карах ларамза кхеттера герз. ТIаьхьо Росгвардин куьйгалло дIахьедира, и кIант инцидент хилале балхара дIаваьккхина вара аьлла.

ГIуллакхан материалашкахь билгалдаккхарца, цу буса бехкевечунна новкъахь ларамза карийнера Калашниковн автомат. Иштта ларамза масийттазза кхийсинера цо герз. Тилкхаза даьндарг кхозлагIчу гIат тIерачу корах чу а кхетта, йоьIан садолуче кхеттера аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало.

Прокуратурано бахарехь, талламаш дIахьочу хенахь герз карийна меттиг биглалъяккхаза ю, ситуацин экспертиза а, я талламан эксперимент а ца йина.

Цул тIе, баккъал а цуьнгара даьлларг ма дарра теллина а даланза, дуьйцийла яц таIзаран барамах аьлла прокуратуран белхахочо. ГIалаташ нисдеш, талламчашна юха листа тIедиллина и гIуллакх.

Ларамза стаг вийча зуламан кодексо я пачхьалкхана маьхза шина шарахь гергга белхаш байтар тIедожадо, я шина шарна набахтехь яккха хан туху. Оцу гIуллакхан хьокъехь гIуьттучу хеттарех элира махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостано.

"Хетарехь, Соьлжа-ГIалин урамашкахь хьенан, мичара ду а ца хууш, тIеман герз хуьлу-кх Iуьллуш, хьанна а тIехьажийна, тоха йиш а йолуш? ШолгIа делахь, ша лаьттара герз схьаоьцучу заманчохь, ларамза нисделлий-те цуьнан дуьххьалчу цIийнан кхолгIачу гIатан корах масийттазза герз тохар?

Кхин а дуккха а деталаш ю цигахь, бакъ хила йиш а йоцуш", - аьлла "Кавказан узел" агенталле полицин эпсаро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG