Оьрсийчуьрчу набахтехь волчу Украинан режиссеро Сенцов Олега мацалла кхайкхийна 88 де ду. Оьрсийн агIоно цуьнан шега кхачийна суьрташ зорбане даьхна Украинан омбудсмено Денисова Людмилас. Фейсбукерчу шен агIоне даьхна Денисовас и суьрташ.
Сенцовн могушаллин хьолах информаци елла Оьрсийчоьнан президентехула бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьянас. Режиссер жигаре а ву, телевизоре хьажа а воьду, книгаш йоьшу цо, юкъ-кара цхьацца йозанаш а до, цо бахарехь.
Маршо Радионо яздира, Сенцовн йишас хаамбарх, иза ледарчу хьолехь ву аьлла. "ГIатталуш вац", "йист яла гIерта" аьлла, яздина шега адвокатехула кехат даийтина Сенцовс аьллера йишас.
Украинан омбудсмено дIахьедина, "муьлххачу а билламаш тIехь" Оьрсийчоьнца иза хийцарх дийца шаьш кийчу ду аьлла.
Стигалкъекъа-беттан 14-чу дийнахь дуьйнна мацалла кхайкхийна украинхочо Сенцов Олега, Оьрсийчоьно политикан бахьанашца лаьцна тутмакхаш маьршабахар тIе а дожош.
Бакъонашларъярхойн зерашца, верриг а Оьрсийчоьхь набахтехь Украинан 64 вахархо ву.