ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелахь полисхоша бераш лецар бакъ ца дина


Полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа кхиазхой лоьцуш хилар бакъ ца дина Нохчийчохь. Шела кIоштарчу ницкъахоша урамашкахь бераш лоьцуш ду аьлла, яьржина информаци бух боцуш лерина. РБК агенталле дийцина цунах кIоштарчу полисхойн декъан белхахочо.

"150-200 бер оха дIа а лоьцуш, цаьрца сахьташкахь хеттарш дина бохург бакъ дац", - аьлла РБК хьосте полицин декъан пресс-гIуллакхоша. Школашкахь кест-кеста кхиазхошца профилактикан къамелаш деш хилар, билгалдаьккхина оцу хьосто. Оьрсийчоьнан Талламан комитете кехат дахьийтина оцу информацех хоттуш РБК агенталло.

Кху беттан 20-чохь зорбанехь дийца долийра Нохчийчохь полисхошна тIелетарш дина аьлла. Карахь уьрсаш а долуш, кIоштарчу полисхойн декъе кхача Iалашонца чухьаьддачу цара чевнаш йинера шина никъахочунна. Оццу дийнахь Мескер-Юьртахь зуламхочо эккхийтар динера полисхойн постехь, ткъа Соьлжа-ГIалахь некъан инспекторшна Mercedes машен тIетоха гIоьртинера.

ТIелатар динчу пхеннах виъ полисхоша дуьхьал герзаш диттина вийра, ткъа чевнашца дарбан цIийне валийча, веллера пхоьалгIаниг. ДаIишхоша шайна тIелаьцнера дина зулам.

Маршо Радионо яздира, полисхошна тIелатарш динчул тIаьхьа Шела кIоштарчу урамашкара кегийрхой дIа а лехьош, цаьрга хеттарш деш, сахьташкахь чохь латтийна ницкъахоша аьлла.

Дийцарехь, верриг а 150 - 200 стаг вара полисхоша дIалаьцнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG