ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шела кIоштахь керла къеда хIоттийна


Керла къеда хIоттийна Шела кIоштахь, хаамбо "Кавказан узел" агенталло. Меттигерчу бахархошна хетарехь, полисхошна кхиазхоша тIелатарш динчул тIаьхьа, кIоштахь Iуналладар чIагIдархьама бина и хийцамаш.

Маршо Радионо хааме даьккхира, байначу беттан 20-чохь Нохчийчохь цхьа могIа тIелатарш дарх. Полисхойн информацица, пхиъ хилла царна тIелеттарг. Царех виъ вийра ницкъахоша, лазийна висина пхоаьлгIаниг дарбан цIийнехь дIавелира. Жоьпалла даIишхоша шайна тIехь дитина динчу зуламийн.

ПIераскандийнахь дина урхаллин, ницкъаллийн структурийн, кIоштийн администрацийн векалшца дIаяьхьначу кхеташонехь хIоттийна Шела кIоштахь керла къеда.

"ХIинццалц администарцин куьйгалхочун динехула хилла гIовс Ахматов Мохьмад хир ву къеда. Ткъа и декхарш кхочушдеш хилла Неттиев Ахьмад администраци цуьнан метта дехьаваьккхина",- хаамбо агенталле Шеларчу префектуран белхахочо.

"Къеда хийцар, байначу баттахь дина тIелатаршца доьзна ду аьлла тешна ву со. Цул тIаьхьа дукха лецарш хилира оцу кIоштахь. Неттиев Шелахь къеда волу дикка хан яра, цунна реза а бара. Къеда хийцар цхьа бух болуш долчух тера ду",- аьлла меттигерчу юкъаралхочо Руслана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG