ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иэсан ницкъ


Бесланерчу школана дина тIелатар дагалоцуш

Бесланан трагеди йицъяр хьанна пайден ду?

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:04 0:00
Линкана тIе

2004-чу шарера схьалерича хIинцале а 14-гIа кхаа дийнахь тезет лаьтти Бесланехь. Даим а санна: ал зезагаш, хиш чохь шишанаш, стигал гIерта кIайн лоппаргаш лаьттара стоьлаш т1ехь.

Бакъду, адам стохкачул а кIезиг гулделлера.

Хаамийн гIирсашка дIакхачочу Гезгамашин-беттан хьалхарчу кхаа деношкахь хинболчу барамийн планехь терахьаш бен хийцалуш дац.

Вуьшта аьлча, деккъа шаблонан документ ду иза.

Кхечу пачхьалкхашкарчу художникийн "Беслан. Тийналлин минот" суьртийн гайтам-экспозици дIаяхьар тIекхетар доцург, хийцам а боцуш.

Ткъа ламаст хилла дIахIоьттина Гезгамашин-беттан 2-гIа де "хьаькамийн" де хилар.

Цу дийнахь оцу барамехь дакъалоцуш хуьлу Iедалхойн векалш, парламентан депутаташ, меттигерчу администрацин белхахой. "Бесланан деношкахь" цхьа могIа пачхьалкхан хьукматийн белхахой хиларо а дагатосу, "даим а санна ду-кх" х1ара де аьлла.

Социалан машанехь Къилбаседа ХIирийчоьнан журналисто Фарниев Заура яздо: "Хьанна моьттура, хIара тезетан барамаш "бюджетан белхахошна" лаахь а, ца лаахь а аьлла, тIедоьжначу кепехь хир ду".

Изза хьажам бу, Бесланна тIелатар динчу заманчохь, закъалтхо лаьттинчу Ватаева Агундан а.

"Iаламат дика хир дара, традици хийца а хийцина, Iедалан белхахошна тIедожийна декхар кхунах ца дича. Дукхахболчара лечкъа а ца деш схьаолу, шайна хетарг, стенна оьшуш ду хIара хIора шарахь олий. Кхин а дика хир дара, мехкан куьйгалхо Беслане вогIуш а, дIавоьдуш а "Москох лаьтта дехьа-сехьа валаран гатто" ца хIоттаяхьара кхузахь а", - билгалдоккху Агундас.

Шеца цхьана йийсарехь лаьттинарш а санна, нана хилла Ватаева Агундех. Ши бер ду цуьнан.

ХIетахьлерачу Бесланан дуккхаъчу "къоначу" турпалхойх дай-наной хилла, шайн доьзалш кхиош. Керлачу дахарехь ирсе хила таро а яра церан.

Амма церан дегнашчуьра чевнаш дIа ца йоьрзу, уьш Iийжа йисина. Хан-зама яьлча а ерзанза юьсу церан чевнаш. Школана тIелеттачу хенахь закъалтхошца хиллачара а, цигахь шайн нах беллачара а дуьйцу цунах.

Белхарца дуьйцура. Цкъацкъа кIажбахна боьлхура. Школерчу спортзалан пенах кхозучу берийн суьрташка а хьоьжуш, боьлхура…

Делахь а Бесланан лазам дуккхаъчийн лахбелла богIу…

Оьрсийчуьра а, ХIирийчуьра а Беслане цу дийнан тезета оьхучийн терахь шо шаре жимделла догIу.

Журналисташа билгалдаьхначу терахьашца, кху шарахь тезетан кхаа дийнахь кхо эзар стаг ву Бесланехь вовшахкхеттарг.

Ткъа, диъ шо хьалха трагедин 10 шо кхочуш "Маликийн гIала" аьлла, цIе тиллинчу мемориалан кешнашкахь 15 эзар гергга стаг вара.

Хетарехь, Iедалхошна мел а сихха Бесланах дицдича гIоле ду. Зулам кхачо йоллуш талла бохуш, хезо дIахьедарш кхи дIа тергамза дитархьама а. "Бесланан наноша" дуккха а шерашкахь бала лайначех тIеэца боху низам дисийта а.

…Бесланехь тIелатар хиллачу шерашкахь юьхьанца реквием-концерташ дIахьора. БуьрийтIерчу "Спартак" стадионехь 10 эзар стаг гулвеллера 2006-чу шарахь. Концертан декъашхошлахь бара гоьбевлла артисташ, шайлахь Кваша Игорь, Гурченко Людмила, Розенбаум Александр, Турецкийн тоба а йолуш…

Цул тIаьхьа юкъахдаьккхира реквиемаш хIиттор. Ткъа хIинца суьртийн гайтамаш хIиттабо, юкъ-кара.

ХIинца-м башха цеце дац, федералан телевизионашкахь керлачу хаамийн блокашкахь Беслан эха минотехь бен юьйцуш цахилар: цул а дезаниг ма ду дийца.

Цхьа шо даьлча Бесланан школана тIелатар дина 15 шо дузур ду.

Ткъа цуьнан лазам цкъа мацца а туьйр бу аьлла ца хета.

Замано дарба до олуш делахь а, кхарна-м ца хили хенах -дарбанча. Боккха ницкъ бу иэсан!

Кху деношкахь, Бесланан школана динчу тIелатарехь байинчийн суьрташ хьалхарчу школан херцаршкара "Маликин кешнашка" кхаччалц дIахьочу хенахь Бесланан бахархошкахь хаалуш бара и ницкъ.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG