ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов: Хир долчу латарехь Макгрегоран доттагI "хӀаллаквийр" ву Тухуговс


ММА кепехь хир долчу Тухугов Зубайран а, Лобов Артеман а латарехь хIун жамI хир ду бохург хьокъехь, шена хетарг довзийтина UFC чемпионан Нурмагомедов Хьабибан дас Нурмагомедов Iабдулманапа. Цунах лаьцна яздо "Лента.ру" зорбанан портало.

"Суна хаьа Зубайра Артемал а ,массо а агIор, онда хилар, цундела и латар цхьа ша тайпа хIума ду олийла дац. Тухуговс хIаллаквийр ву Лобов. Суна хетарехь, цо сацор ву иза 1-чу я 2-чу раундехь", - аьлла Iабдулманапа.

UFC Fight Night 138 турнирехь Тухуговн а, Лобовн а латар хила дезаш ду ГIадужу-беттан (Октябрь) 28-чу дийнахь. Лобовс шен карьерехь 13-за толам баьккхина, 14-за эшна иза, ткъа 1 тасадалар дирзина толамхо воцуш.

Соьлж-ГIалара Тухугов 22-зза летта шен карьерехь. Иза 18-зза тоьлла, 4-зза эшна.

Лобов юххера доттагI а, спарринг-парнер а ву ММА латархочуьнан Макгрегор Коноран. Кху шеран Охан-баттахь Лобовна дов дира Нурмагомедовс, ша сийсазван гIерташ къамелаш дарна.

Цул тIаьхьа масийтта де далале Макгрегор Нью-Йорке ваханера Нурмагомедов лаха. Иза шен накъосташца тIелетира UFC латархой чохь болчу автобусна. И зулам дарна полице дIавигинера Макгрегор. Делахь а иза къелхарвелира, набахте ца кхочуш.

ГIадужу-беттан 6-чохь Макгрегор летар ву Нурмагомедовца Iамеркерчу Лас-Вегасехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG