ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яйна маршо дагалоьцу


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:36 0:00
Линкана тIе

Кху беттан 6-чохь 27 шо дуьзи Нохчийчоь йозуш йоцу республика санна дIакхайкхийна.

Ткъа кху дийнахь нохчаша ши деза де билгалдоккху: Ичкерин агIончаша – Нохчийчоьнан маршонан де, ткъа республика йозуш цахилар кхайкхор низамашкахь ца леринчу цу махкахь, къоман барт хиларан, цхьаалин де санна даздо.

2002-чу шарахь хийцина ду и терахь. Оьрсийчоьнца тIом бан къам иракарахIоттийначух волчу Кадыров Ахьмада хийцира и де, Москохан политикана тIаьхьа а хIоьттина.

"Оьрсийчоьнца дIаэран" де шуьйра даздо Нохчийчохь Iедалхойн тергонца, пачхьалкхан хьукматашкарчу нахана сакъоьрийла а хIоттош.

ХIора шарахь бохург санна лекцеш йоьшу хьукматийн белхахошна, Нохчийчоьнан мел доккха ирс ду Оьрсийчоьнан субъект хилар, мел мехала дакъа даьцна Кадыров Ахьмада оцу гIуллакхехь, бохуш.

ХIара терахь гергакхочучу заманчохь цхьайолчу белхан меттигашкахь садоIуш цIахь виссинарг а цхьана балха схьа а кхойкхуш, гулбора белхахой, куьйгалхочо эхасахьтехь дечу къамеле ладогIийта.

"Кадыровн некъ" ладаме хиларх дуьйцура цара.

Оцу политикех кхетам самабоккхучу дийцаршкахь гуттар а санна билгалдоккхура, Нохчийчохь тIом цахилар а, и маршо Кадыров бахьана долуш хIоьттина хилар а.

"Могуш йоцуш хилла цIахь йиссинера со, хIетте а балха араяла декхаре йира со, куьйгалхочун лекцешка ладогIа. Тхан хьаькамо карлайоккхура тIеман зама, оцу шерашкахь лайна халонаш а", - дуьйцу бюджетан организацехь къахьоьгучу Маккас.

"Тахана Iедалан коьртехь болчарна шаьш бахьана долуш бомбанаш еттар сецна аьлла хета, Москохца бартбан шайн ницкъ а, хьекъал а тоарна.

Даим дуьйцу цунах, далхадо телехьожийлехь а, радиохула а. Дудаев, Масхадов бехкево. Тахана Кадыровн йолу таронаш-аьттонаш, царна гIенах а ца гинера бохуш", - дуьйцу Соьлжа-ГIаларчу школехь истори хьоьхучу СаIида.

Ткъа Ичкери йозуш цахиларан де даздо нохчийн мухIажирша Европан гIаланашкахь. Кеп-кепарчу шахьарашкахь дIахьо митингаш, кхийолу акцеш а. Цу гуламашкахь гулбеллачара дагалоьцу маршонехьа гIертачу нохчийн къоман халачу некъах.

Оьрсийчуьрчу регионашлахь уггар а дукха дотацеш кхочучу Нохчийчохь, цу кепара барамаш бихкина бу, Ичкерин символика а санна.

Ишта-м бехкамаш дуккха а бу тахана республикехь, Iедалца ойла йогIуш хьо вацахь – Iедал сийсаздийриг лоруш.

Ичкерех лаьцна вистхила ваьхьарг а кIеззиг ву махкахь.

Делахь а, бахархоша сагатдарца дагалоьцу, Нохчийчоь маьрша мохк лаьттина шераш.

"Хьалхара тIом эккхале дара вай маьрша, хIунда аьлча, мичча даха а, дахка йиш яра. Къилбаседа Кавказан уггар йоккха базар Соьлжа-ГIалахь яра. Оьрсийчуьра йохка-эцархой оьхура кхуза. Адам меца дацара хIетахь, хIора а маьрша вара", - дагалоьцу Соьлжа-ГIаларчу Богдана.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь, юха а гIоьртира Оьрсийчоьнах дIа а къаьстина, кхайкхийна республикан маршонан де дицдан.

Нохчийн гIаттамхойн могIаршкахь барт буьйхира "Кавказан Имарат" кхолларца. Маршонехьа хIинццалц нохчаша латтийна къийсам динан агIоне берзийра, цо Ичкеригахьа хиллачийн ишта а кIезиг болу ницкъ, дIамалбира.

"Кавказан Имарат" цхьа хан яьлча юьйхира, ткъа Нохчийчоьнан маршонах идейш юха а актуале хилира, Европехь беха нохчий бахьана долуш.

"Чохь са долу хIума, хуьлийла иза адам я дийнат, иза ца яхало йийсараллехь. Вай дерриг а маьрша даха кхоьллина ма ду, боху "Кавказ Реалии" портале цхьана заманчохь полисхо лелла, тахана Европехь вехачу Бетельгериев Мохьмада. – Дала делла ду вайна маьрша дахар, цхьаннан а бакъо яц цунна дуьхьало ян.

Со догтешна ву, цкъа мацца а Нохчийчоь маьрша пачхьалкх а хир ю, вай массо а вешан луларчу мехкашкарчу къаьмнашца, оьрсашца а цхьана, бертахь дехар а ду аьлла. Кхи некъ бац вайн", -аьлла, дерзийра цо шен къамел.

Артиклан автор Исаев Руслан

Гочйинарг Димаева Лиза

Аьтто хилча деша гIур дарий шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG