ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракташкахь белла нах дагалоьцур бу Iамеркехь


2011-чу шарахь терроран акташкахь белларш дагалецира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь. Террорхойн "Ал-Къайда" тобанхоша довдийна кеманаш Нью-Йоркерчу а, Пентагонерчу а дуьненаюкъарчу пачхьалкхашлахь йохка-эцар лелочу Центрашна тIекхетаран бахьанашца 3000 стаг велира хIетахь. ДоьалгIа кема Пенсилванехь аренца доьжнера.

Iамеркан президент Трамп Доналд кхочур ву тахана Пенсильван Штатерчу мемориалан паркехь хIоттийначу церемони. Цу дийнахь дийна бисинарш а, беллачийн гергарнаш а гуллур бу Нью-Йоркехь йохка-эцаран центр лаьттинчу майданахь.

Нью-Йоркехь хиллачу терактехь эзар сов беллачийн чалхаш йовзаза йиссира. Рейтерс агенталло хаамбарца, тIаьххьарчу пхеа шерачохь пхеа веллачийн цIераш билгалъяха аьтто хилла говзанчийн.

Дуьненаюкъарчу йохка-эцаран центрна бухахула лелаш хиллачу метрон станци а кIирандийнахь бен схьа ца йиллина. 14 шарахь херцаршлахь лаьттинера иза.

182 миллион долларшкахь мах баьлла иза юхаметтахIоттош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG