ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙоI ерна шеконашца лаьцна цуьнан нана


Дахначу мукъаденошкахь йийна карийначу 6 шо долчу йоьIан Акбулатова Айзанатан нана лаьцна Дагестанерчу талламчаша.

Кху беттан 6-чохь Кизил-юртан кIоштарчу Чонтаул эвлахь йоI ярах хаамбира "Кавказ.Реалии" портало. Ткъа кхозлагIчу дийнахь беран дакъа карийра Хасав-юьртан кIоштарчу Костек эвларчу хийистехь.

ЙоI нанас йийна аьлла, шеконаш кхоллаелла талламчийн, шен йоI ярах цу нанас кеп-кепара дийцарна.

Нанас бехк тIе ца оьцу, полисхой гIуллакхна гонах талламаш дIахьош бу. Иштта толлуш ду ненера психикан хьал а.

XS
SM
MD
LG