ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа - ГIалин 200 шо кхачар даздан богIучу хьешаша дIаюьзна отелаш


Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар дазда богIучу туристийн терахь рекорде даьлла, хаамбо "Нохчийчоь Тахана" агенталло. Отелийн фонд 100 процентна дIаюьзна ю.

Хьосташа дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу "The Local", "Грозный-Сити" цIе йолчу уггар а яккхийчу отелашахь тIечIагIдира, дезачу деношна адам чутаттадаларх. Оьрсийчуьра хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкара туристаш а бу дезачу деношна Нохчийчу богIуш.

Iедалхоша чIагIо йина, шахьаран 200 кхочучу дийнахь Соьлжа-ГIалахь туьйранехь санна хир ду аьлла.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьйгяздина, пачхьалкхан тIегIанехь дIахьош ду даздарш. Федералан бюджетера 260 миллион сом ду Соьлжа-ГIалина 200 кхачарна хьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG