ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь Элджейн концерте билеташ дохкар сацийна


Дагестан, ХIинжа-ГIала
Дагестан, ХIинжа-ГIала

Дагестанехь гоьваьллачу рэперан Элджейн концерте дохка долийна билеташ совцийна. КарабогIучу беттан 5-чохь дIакхайкхийна яра ХIинжа-ГIалахь цуьнан концерт. Super гIирсо яздарехь, Крид Егоран концерт бахьанехь скандал иккхинчул тIаьхьа, билеташ дохкар юкъахдаьккхина.

DagArtConcert​-ан векало цкъачунна цхьацца проблемаш ю шайн, уьш йирзинчул тIаьхьа къамел дийр ду вай аьлла журналисташка.

Маршо Радионо яздира, кху беттан 9-чу дийнахь рэперан Крид Егоран ХIинжа-гIалахь хила еза концерт юкъахъяккхарх. Дагестанхоша шена кхерамаш тийсича, Крид реза ца хилира Дагестане ван.

Концерт ца хилла кхаъ хиллачу ийначу латарийн чемпионо Нурмагомедов Хьабиба социалан машанехь дIахаийтинера шен воккхавер. Цуьнан дIахьедар "сонталла" ю аьллера Тиматис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG