ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьршаларчу кегийрхошна низамашкахь тоьхна ю хенаш аьлла церан гергарчара


Лаккхара хенаш тоьхначу Куьршаларчу кегийрхойн гергарчара меттигерчу телехьожийлехь дехар дина, кхелан сацамна оьгIазбахначийн видео дIаса ма яржаяхьара аьлла.

Маршо Радионо яздира Куьршала кIоштарчу 14 вахархочунна 9,5 шарна тIера 10,5 шаре кхаччалц хенаш тохарх. Ватсапехула яржийначу кхелан гIишлонна хьалха йинчу видеоно дийцарш даржийра Нохчийчохь. Кхелан сацамна шаьш реза цахилар дIахоуьйту оцу видео тIехь гергарчара, Iедалхошна яппарш еш.

Куьршала кIоштарчу 14-нна хенаш тохарх дуьххьара хаам баьржира Ватсапехула кхааридийнахь. "Талламаш дIахьочу цхьана шарахь а, эхашарахь а гергарчийн аьтто ца хиллера шайн доьзалш ган", - аьлла, дара хаамтIехь, яздо "Кавказан узел" агенталло. Хьостанна хууш дац, стенгахь латтийна и кегийрхой оцу заманчохь.

Хенаш кхайкхийначул тIаьхьа боьлхуш гергарнаш а болуш, видео социалан машанашкахула дIасаяржийначул тIаьхьа "Грозный" телеканалан хаамашкахь хенаш тоьхначу кхааннан вежарша, йогIуш тоьхна ю аьлла, дIахьедина шайн нахана хенаш.

Иштта вукхара а даредина, цара дина зуламаш бахьана долуш дина царна таIзарш аьлла. Низамашкахь дIа а лецна, низамашца хенаш а тоьхна аьлла гергарчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG