ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгварди: Золотовс дина дIахьедар шен инициативаца дина ду


Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор
Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор

Оппозиционерца Навальный Алексейца довкъастош видеокхайкхам Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора шен лаамехь бина бу аьлла оцу структуран пресс-гIуллакхоша. Маршо Радионо ма яздарра, Золотовс Навальный "лата кхойкхуш", ша цунах "мутте отбивной" йийр ю бохуш, шинаридийнахь видеоролик яржийра. Навальныйс куьйгалла дечу коррупцица къийсам латточу Фондо ша лелочу хьарамлонех информаци Iораяьккхича, цунна жоп деллера Къоман гвардин хьалханчас.

"Росгвардин пресс-гIуллакхошка цуьнан дIахьедаран хьокъехь оьхуьйту хаамаш бахьанехь дIахьедо оха, тхан куьйгалхочо официалан сайте йиллина видео ша дIа ма язйи, шен лаамца хIоттийна", - аьлла, билгалдаьккхина Росгвардехь.

Оьрсийчоьнан юъаралло карзахе тIеийцира Золотовн видеокхайкхам, социалан машанашкахь а беламе хеташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG