ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутат Милонов: Оьрсийчохь къаьркъа дехка деза


Оьрсийчоьнан могашаллин министре Сворцова Вероникига Пачхьалкхан Думин депутато Милонов Виталийс дехна пачхьалкхехь къаьркъа доьхку низам ("сухой закон") арахецар.

Иштта, цо хьоьху кхачо йоллуш цIена доцу маларш "къаьркъин эланашка" ара ца хецийтар а, цадохкийтар а, рекламе цадахийтар а.

Цкъа ца хиллачу барамашкахь даьржина Оьрсийчоьхь маларш мийлар – кхушара доьхкина къаьркъа бахархошлахь (берашца цхьаьна) декъча, 18 литр кхочу хIора стагна, билгалдоккху Милоновс.

Деношкахь статистийн ВЦИОМ хьукмато къаьркъан хьокъехь хеттарш дина Оьрсийчоьнан бахархошка. 12 проценто къобалдо пачхьалкхехь къаьркъа дехкар, 54 процент нахана лаьа Iедало могашаллин пропаганда яржайойла, 49 процент нах дуьхьал бац къаьркъан реклама ехкийта. Юкъарчу меттигашкахь маларх кхетта нах, бехктакхаме а ийзош, набахте хьийсо беза аьлла хета 33 процентна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG