ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шина некъахьовзамехь лазийна 5 стаг


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Лаххара а 5 стаг лазийна тIаьхьарчу дийнахь-бусий Нохчийчохь некъахьовзамашкахь. Иштта Ойсхарара Мескер-эвла боьдучу некъа тIехь вовшахкхетта "Тойота-Королла" а, "Лада Приора" а ши машен. И бахьана долуш, "Лада" машенна урхалла деш хилла стаг лазийна охьавиллина Куршлойн-эвларчу дарбанан цIийне.

Кхин цхьа некъахьовзам хилла "Кавказ" цIе йолчу боккхачу некъа тIехь ГIуларана гергахь. Цигахь ВАЗ машен тIетоьхна "Газель" олучу жимачу автобусна. Цу чохь хилла 4 некъахо лазийна.

Кху деношкахь Нохчийчохь лахделла некъахьовзамашкахь леш долчу адамийн терахь аьлла, хаам бинера республикерчу прокуратуро. Цо чIагIдарехь, кхушеран хьалхарчу 8 баттахь машенашца боьзначу бохамашкахь вийна 21 вахархо. Цу хьокъехь 17 бехктакхаман гIуллакх луьстуш жоьпе озийна ву 18 стаг.

Некъаца хиллачу хьовзамашкахь лазийна ву 12 стаг.

Стохка оццу хена чохь цхьацца некъахьовзамашкахь республикехь вийнарг вара 35 стаг. Лазийнера - 19.

Прокуратуро билгалдоккху адамаш кхалхарна бехке болу 94% нах, хенаш а тухуш, набахташка хьежийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG