ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францхойн шпионо шерашкахь суьрташ дехира Советан пачхьалкхехь. КГБ-но цуьнан лар лаьцнера.


Нийса 55 шо хьалха - 1963-чу шеран Гезгамашин-баттахь Киеверчу аэропортера кема гIаьттира Вене даха. Ши де хьалха Советан пачхьалкхо шпион ву аьлла, пачхьалкхера аравоккху Францин вахархо Галеотти Жюльен вара цу кеманчохь.

1955-чу шарера схьа ю Галеоттин истори. ХIетахь дуьххьара Советан пачхьалкхе веара иза Ниццера. Турист ву ша аьлла, Москох а, Ленинграде а (хIинца Петарбух) кхаьчначу францхойн телевизионан белхахочунна тIе тидам бахара пачхьалкхан кхерамзаллан комитетан (КГБ).

Маршо Радион Украинан сервисан карахь йолчу документийн копеш тIехь болчу хаамца, пачхьалкхехь охьа ма воьсси, шеконашка эцнера Галеотти шпион ву аьлла. "Мекхаш-мирза" аьлла, цIе а тиллинера цунна.

Галеотти Жюльен
Галеотти Жюльен

Советан пачхьалкхехь къайлах компроматан суьрташ даха гIертара Галеотти, ша даьхначу суьрташца "кхарда а, дискредитаци ян а Iалашонца" аьлла хетара КГБ-н белхахошна.

ХIунда аьлча, кест-кеста туристийн тобанна тIаьхьа а вуьсуш, ша цхьаъ гIалин урамашкахула ваьлла а лелаш, "меттигерчу Iедална компромат лоьхуш", суьрташ дохура цо. Цо лоьцура индустрин а, кхийолу а гIишлош.

Масала, Галеоттис Москохарчу пачхьалкхан университетна хьалха даьккхина сурт нахаладоккхур ду тIаьхьо "гарехь францхой бу хIорш, балха баха меттиг йоцучу нехан кепехь гойтуш" аьлла.

1956-чу шарахь вогIу Галеотти Советан пачхьалкхе шолгIа. Кхарста Iалашонца Ниццера йогIу круизан рейс къастайо цо хIинца. Цо кхача билглаъяхначу гIаланашлахь ю Одесса а.

Одессехь лаьтта рагI
Одессехь лаьтта рагI

КГБ-но тергонехь латтабора цо мел боккху ког.

1957-чу шарахь аьхка Одессехь Галеоттина тIаьхьадевлла шаьш леларх дина йозанаш ду Маршо Радионехь: "Митинг йирзинчул тIаьхьа вокзале веара Галеотти. Шен шеддашна тIехь хиина Iачу йоккхачу стеган сурт доккху цо, цул тIаьхьа троллейбусна а, таксина а лаьттачу рогIан суьрташ доху. Октябрскан базара кхочу иза, цигахь сагIадоьхучун сурт доккху цо. ТIеман хикеманаш дIахIуьттучу меттиган сурт доккху

2 сахьт даьллачу заманчохь лоьмар 59 йолчу цIийнан уьйтIа а воьрзий, нехийн яьшкан сурт доккху Галеоттис. Провозной ураме дехьа а волий, беркъачу духаршца болчу бахархойн суьрташ доху цо".

Одессехь юкъарчу транспортан социйлехь
Одессехь юкъарчу транспортан социйлехь

Одессехь Т-34-85 танк
Одессехь Т-34-85 танк

Одессерчу цхьана цIийнан уьйтIе
Одессерчу цхьана цIийнан уьйтIе

Одессера къано
Одессера къано

Одессера ваьлча Галеотти кхочу Севастополе а, Ялте а, Сочи а, Батуми а. ХIордан кемантIехь рейсаш йо цо 1957-чу а, 1959-чу а, 1961-чу а, 1963-чу а шерашкахь.

Советан пачхьалкхан эскархой
Советан пачхьалкхан эскархой

Советан къайлахчу сервисаша лаьттатIехула иза лелачу хенахь а, хIордан тIехула дIасавоьдуш а само латтайора цунна тIехь. Шаьш бечу талламашкахь яздора цара, Галеоттин аьтто хиларх массо а туристашца зIе латто, экипажан декъашхошна тIехь терго латтон, ишта дIасалелачу заманчохь шена "пайдечу позицешкахь" кхечу туристийн леларш довза а.

КГБ-н зерашца, круизийн куьйгалхошца а доттагIаллийн уьйраш латтош хилла францхочо, тергамбеш, толлуш хилла Советан пачхьалкхан администрацин векалш, пачхьалкхерчу цхьа могIа порташца а, цигахь латточу тIеман техникаца а шена интерес хилар хоуьйтуш. Круизан лайнераш тIехь Iедална дуьхьал гайтамаш а, маскарадаш а хIиттош а хилла цо.

Одессера базар
Одессера базар

1963-чу шарахь юха а кхечира Галеотти Севастополе. Кхузахь иза ларвеш фотоаппараташца тоба яра, ткъа цо суьрташ даха тарло аьлла хеташ, билгалъяьхначу меттигашкахь оперативан белхахой куьйгаллехь а лаьтташ, дружинникаш бара хIиттийна. Цул совнах, Галеотти дIалаца Iалашонца кечйина оперативан тоба а хиллера.

Хикеманаш лаьтта айма
Хикеманаш лаьтта айма

КГБ-н белхахоша Галеоттина тIаьхьа а бевлла, цуьнан суьрташ дохура.

Ткъа иза лаца бух белира, агенташа бахарехь "пачхьалкхерчу бахархоша динчу дIахьедарша", масала, францхо тIехь хиллачу цхьана круизан лайнеран хьалханчас яздинера кехат.

Ткъа Галеотти 1963-чу шарахь дIалаьцча, цуьнгахь ца карийра суьрташ тIехь долу пленка.

Турфирман векале Артот Жан-Пьере дIакхачо ларийнера иза. Француз каравахний хиина, кхеравеллачу цо "Интурист" автобусан гIента бухахь лачкъийна латтийнера пленка.

Симферополе дIавигира Галеотти лаьцначул тIаьхьа, цул тIаьхьа Киевехь, иза Францин шпион хилар тIечIагIдархьама болх бира цуьнца.

КГБ-н белхахоша Галеоттин даьккхина сурт, Севастопол
КГБ-н белхахоша Галеоттин даьккхина сурт, Севастопол

Юьхьанца чIагIонаш йора Галеоттис, ша францхойн агент вац, ша мел даьхна суьрташ шен лаамца даьхна дара бохуш. Амма тIаьхьо цо даредира, ша Францин къайлахчу сервисашца болхбеш хиларх.

Севастополехь тIеман объектийн суьрташ дахарца ша инспекторан Лаканьер Робертан омра кхочушдеш вара аьллера цо. Эххар а францхочо мукIарло дира, ша дуьххьара, 1956-чу шарахь пачхьалкхе веачхьана Францин къайлахчу сервисийн лаамца лелаш вара аьлла.

Шен пачхьалкхе юхавирзича, шен ден фотоателье дIаделира цо ша мел даьхна суьрташ. Цуьнан да францхойн иччархошлахь болх бина вара цхьана хенахь.

Галеоттин сурт, цунна тIехь терго латточу заманчохь даьккхина
Галеоттин сурт, цунна тIехь терго латточу заманчохь даьккхина

КГБ-н белхахойн йозанашкахь ду, Галеотти "дохковаьлла хиллера, ша цу кепара гIалат кхи цкъа а долуьйтур а дац шегара" бохуш. Бертаза иза Советан пачхьалкхера аравоккхуш шайн хилла сацам бовзитйира Галеоттина 1963-чу шарахь Гезгамашин-беттан 9-чохь.

Бахьана – шпионалла лелор.

Делахь а КГБ-но витира иза бехкзуламан гIуллакх цунна дуьхьал ца доьллуш.

"Оцу муьрехь Францехь КГБ-н официалан ши белхахо гучуваьлла хиларца, Галеоттинах бехк ца хьарчош дерзийтира гIуллакх, хIоьттина хьал кхечу Iалашоне дерзош. Цундела пачхьалкх чуьра араваьккхира иза", аьлла яздина ду документаш тIехь.

Квас духкучохь гулбелла нах
Квас духкучохь гулбелла нах

Одесса, шийла хиш духку меттиг
Одесса, шийла хиш духку меттиг

Петергофан ламаш тIехь Советан пачхьалкхан эскархо
Петергофан ламаш тIехь Советан пачхьалкхан эскархо

Галеоттина тIехь терго латтийра къайлахчу сервисаша, иза тIехь волу кема хIаваэхь гIатталц.

Суьрташ дахарал а совнах, францхойн фотографах лаьцна дийнна документалан филм а яьккхира оперативан белхахоша.

Шен даймахка дIакхаьчначул тIаьхьа, ша еллачу цхьана интервьюхь Галеоттис аьлла хиллера: "Советан пачхьалкхе кхин ваха йиш цахиларал совнах, сан лаам а бац цига кхача".

Кху артиклан оригинал еша таро ю шун Радион Маршон Украинан редакцин сайтехь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG