ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн а, Евкуровн а хилла "барт" ца тайна гIалгIашна


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а, Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан а
ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а, Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнца шайн лаьттачу дозанехь хуьлучунна тIехьажийна бахархойн форум вовшахтухуш ду шаьш аьлла, видеохула кхайкхамбина оршотдийнахь ГIалгIайчуьрчу юкъаралхоша.

"ГIалгIайчоьнан Сунжа кIоштарчу "Эрзи" олучу пачхьалкхан йихкинчу меттиган территори тIе бакъо йоцуш Нохчийчуьрчу некъан, гIишлошъяран организацино автомобилан некъ буьллуш дIахьочу балхах лаьцна кхочучу информацино меттигерчу бахархойн сагатден бутт сов хан ю", -аьлла кхайкхамехь.

Билгалдоккху, и белхаш герзах боьттина, нохчийн полисхой тIе а хIиттина дIахьош хилар. Оцу лаьттачу хьолан хьокъехь ГIалгIайчоьнан Iедалхоша, къаьсттина Евкуров Юнус-Бека лаьцначу позицино "цакхетам а, оьгIазло а" латтайо нахехь. Iедалхоша цхьана а кепара комментари луш яц нохчийн агIоно лелочух.

"Тхо, юкъараллийн, динан, политикан организацийн векалш, дуьхьал ду гIалгIайн лаьттан цхьа а дакъа цхьанна а дIадала", - боху видео тIехь.

"ГIалгIаша хаьржина хIоьттина вац я Евкуров а, я депутаташ а, цул совнах, цхьаммо а векалш бина бац уьш, гIалгIайн латтанаш дIасадоькъуш, сацамаш тIеэца", оьгIазе бу видеон авторш.

КарабогIучу беттан 6-чу дийнахь бахархойн юкъарчу форумехь церан Iалашо ю, Евкуровна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а юкъахь хилла "тешнабехке дийцарш" кхочуш ца хилийта а, гIалгIайн дозанна "аннекси" ца яйта а некъаш лахар.

Видеокхайкхам беш дакъалаьцна "ГIалгIайчоьнан гIортор" организацин куьйгалхочо Чемурзиев Бараха а, бакъоларъяран "МАШР" юкъараллан хьалханчас Муцольгов Мохьмада а, ГIалгIайчуьрчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана а, "Мехк-Кхелан" хьалханчас Султыгов Сараждина а, репрессеш лайначу Оьрсийчуьрчу къаьмнийн юкъараллан урхалхо Абадиев Тамерлана а, муфтиятан векало Барахоев Ахьмада а, кегийрхойн организацийн Кхеташонан лидеро Хаутиев Багаудис а, регионерчу бакъонашларъяран "Бакъонан инициатива" декъан куьйгалхочо Барахоев Мохьмада а, Малгобекерчу Юкъараллан кхеташонан куьйгалхойх йолчу Матиева Анжелас а, ишта кхи дIа болучара а.

"Кавказ.Реалии" портале Абадиев Тамерлана дийцарехь, бахархойн юкъара форум вовшахтоха дагадаийтинарг кегийрхойн Кхеташонан декъашхой бу. Цара тIеоьзна бу кхи болу юкъаралхой а.

Марсхьокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозане гIишлошъяран техника уьйзира.

Юьхьанца нохчийн агIоно шаьш некъ ца бича ца довлу аьлла, дIахьединера. Ткъа байначу беттан 6-чу дйинахь Кадыровс омра дира, регионашна юкъахь доза билгалдаккха комисси вовшахтухуш.

ГIалгIайн дозанехь нохчаша долийначух хIинца а дош аьлла дац ГIалгIайчоьнан Iедалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG