ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сигал Стивен Приморскан губернатор хила лууш ву


Голливудан актер Сигал Стивен
Голливудан актер Сигал Стивен

Дукха хан йоццуш Iамеркаца гуманитаран зIенаш латто Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн лерина векал хIоттийначу Голливудан актеро Сигал Стивена дIахьедина, Приморскан кIоштан губернатор хила лаам бу шен аьлла. Владивостокехь дуьненаюкъарчу кинофестивалехь шен хьовсархошца къамел дечу заманчохь дина цо и дIахьедар.

Сигала бахарехь, дегахула цуьнан хIу Приморьера схьадаьлла ду. Цундела лаьа шена Приморскан кIошт талла а, зен а. "Шун кIоштан губернатор хила а", - аьллачу актеран дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло.

Ши шо хьалха шен карара Оьрсийчоьнан паспорт делира Сигал Стивенна президенто Путин Владимира. Ишта Iамеркан а, сербахойн а кехаташ а ду цуьнан.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь дIаяьхьначу Оьрсийчоьнан президентан инаугурацехь хилира Сигал.

Iамеркехь актер бехкево зударшца эвхьаза вийла гIертарна. Итт зудчо дарединера цунна. Сигала бехкаш тIе ца лоцу.

Приморскан губернатор хоржуш харжамийн шолгIа тур дIаяьхьира кху беттан 16-чохь. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан ЦИК-ан дехарца кхаьжнаш ца лерира, низамаш талхийна меттигаш гучуйовларца. Керла харжамаш кхо бутт баьлча дIахьор болуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG