Еарин Iуьйранна контртерроран операцин раж (КТО) кхайкхийна Дагестанехь. ГIаттамхой а, церан агIончаш а лоьхуш, рейдаш йолийна ницкъаллийн структурийн белхахоша, хаамбо ТАСС агенталло.
Республикан Буйнакскан, Кумторкалинскан кIошташкахь барамаш дIахьо карарчу заманчохь полисхоша.
Дагестанан Карабудахкентан а, Буйнакскан а кIошташкахь байначу баттахь а дIаяьхьира контртерроран операци(КТО). ХIетахь кхо тIемало вийна шаьш аьлла, хаамбинера Къоман антитерроран комитето (НАК).