ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа а ца эшна – Кадыров


ГIалгIайчоь -- Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а кхаарин дийнахь барт бина цу шина республикана юкъара доза тӀечӀагӀдеш, Магас. 26Гезг2018

Шина республикана юкъара доза билгалдаьккхина Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:20 0:00
Линкана тIе

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а кхаарин дийнахь барт бина, цу шина республикана юкъара доза тӀечӀагӀдеш. Цуьнца а догIуш, Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а йоькъур ю шайна юкъахь Нохчийчуьрчу Теркйист кIоштан а, ГIалгIайчуьрчу Малгобекан кIоштан а нах бехаш йоцу территореш.

Нохчийчоьнна дIалуш ду ГIалгIайчуьра ломаца йолчу а, хьаннаш йолчу территорин дакъа, цунна дуьхьал ГIалгIайчоьнна дIалур и санна мехала йолу дозанца йолу Теркйистера меттиг, аьлла ду цу документа тIехь.

Нохчийчоьнна латта дIалуш ду аьлла, дуьхьалонан акце арабевллера ГIалгIайчохь меттигера бахархой. Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, Магасехь полицино нуьцкъала дIасалаьхкира гулбелларш, масийтта стаг дIа а лоцуш.

Хьалхо ГIалгIайчоьнан Iедалша кхайкхам бинера нахе, Iедало бакъо елла йоцучу акцешка ара ма довла аьлла. Цхьайолчу меттигашкахь болх беш яцара интернет.

Шен агIор Кремло дIахьедар дира, президенте Путин Владимире кхочуш хаамаш бу ГIалгIайчуьрчу хьолах лаьцна аьлла.

Барт бинчул тIаьхьа Кадыровc дIахьедар дира, 25 сов шарахь яхйелла Оьрсийчоьнан Федерацина юкъахь ши республика кхолларан процесс дIайирзина аьлла.

Шен Telegram-каналехь цо иштта яздира хиллачух лаьцна: "Доза билгалдаккхар керла гIулч хир ю доттагIаллла а, вайнехан халкъан цхьаалла чIагIдарехь, хIунда аьлча сиз хьаькхна субъекташна юкъахь, амма ца хьакхна иза нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна юкъахь".

Кадыровс дийцарехь, барт бинчул тIаьхьа цуьнга хоьттуш хилла, мила тоьлла, бохуш. Цу тайпа хаттарш нохчийн а, гIалгIайн а барт бохо луш долуш санна шена хетахь а, цу хаттарна жоп лур ду ша аьлла, цхьа а ца эшна, аьлла Кадыровс.

Цу хеннахь, еарин дийнахь дIаяха йолийна Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара полицин посташ. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфакс" агенталло. Болчу хаамца гIалгIайн Аршты а, нохчийн Буммат эвлашна юккъехь лаьттина пост йохийна. Иштта дIаяьккхина ГIалгIайчоьнан агIор лаьттина Аки-Юьртара пост а. Гергарчу хенахь дIайохур ю кхин йолу посташ а.

"Шина къомана юкъахь доза хир дац. Федералан боккхачу некъа тIехь пост юьсур ю. Вуьшта, шина а республикана юкъахь дехьа-сехьа валарца дуьхьалонаш юьтур яц", - хаам бина Интерфакс агенталлан хьастано.

Хьажа комменташка (2)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG