ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty: Туркойчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар дуьхьалдаккха ЭрдохIанна


Германин Iедалшка кхайкхамбина дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино, Туркойчоьнан президентца цхьанакхетарехь цуьнан пачхьалкхехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх дийца аьлла. Германерчу организацин декъан инарла секретара Беко Маркуса "бехкбоцуш лецна латточарна" тIехIотта еза Берлин аьлла. Deutsche Welle хьостано бина и хаам.

Европан адамийн бакъонийн конвенци лар а еш, бакъ-кхел политикан гIирс санна лелор а ца дитахь, Хонкарас догдаха а ца оьшу аьлла цо, дуьненан юкъараллаца юкъаметтигаш дика хир ю шайн аьлла.

Туркойчохь набахте хьажийна 150 сов журналист дага а воуьйтуш, Iедалшца йозуш йоцу бIеннашкахь организацеш дIакъовлар карладаьккхина бакъонашларъярхочо. 2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан аьтто цабаларца доьзна зенаш дина цу нахана, Бекос бахарехь.

Кху деношкахь Германехь волчу Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа кхайкхамбинера Германига, Вашингтоно бечу "йохка-эцаран тIамна" дуьхьало яр доьхуш. Ткъа кхин а хьалха ЭрдохIана, Iамеркехь веха шен оппонентан Гюлен ФетхуллахIан агIончаш террорхой ларахьара аьлла, дехар а динера Берлине. Ши шо хьалха пачхьалкхехь путч ян гIортарна бехкево Хонкаро Гюлен.

Байначу беттан юьххьехь даьржира, "Самавалар" исбаьхьаллин кино яьккхина режиссер 6 шо хан тоьхна набахте хьажийна аьлла. 2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан гIортарх лаьцна яьккхинера и филм.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG