ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сунжехь а, Магасехь а акцеш вовшахтоьхнарш жоьпе озийна Iедало


Iедалшца дага а ца буьйлуш митинг хIотторна гIуданаш диттина жигархошна Хаутиев Багаудина а, Нальгиев Исрапилна а, Султыгов Сараждина а, Албогачиев Мусана а.

Маршо Радионо хааме ма даккхара, Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а кхааридийнахь барт хилла дозанаш дIасадоькъуш. Дуьхьалонан акцеш дIахьочу юкъанна хилира шина мехкан куьйгалхойн куьйгашяздар.

Шинаридийнахь Сунженскан кIоштан администрацина хьалха дIаяьхьира цхьа акци, шолгIачу дийнахь Магасе чувуллучохь. Митинг дIайоьхначул тIаьхьа республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло чIагIо йинера, акцеш вовшахтоьхнарш жоьпе озор бу аьлла.

10 эзар соьмаш охьадахка декхаре бина жигархой аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле жигархочо Йовлой Тимура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG