ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БӀаьрса кхолор я къинхетам ца хилар?


Гасангусейнов МуртазIела а, цуьнан хIусамнана ПатIимат а пикетехь. ХIинжа-гIала.
Гасангусейнов МуртазIела а, цуьнан хIусамнана ПатIимат а пикетехь. ХIинжа-гIала.

Кху беттан 24-чу дийнахь Дагестанера Гасангусейнов МуртазIела а, цуьнан хIусамнана ПатIимат а пикете хIоьттира республикан Iедалан гIишлонна хьалха. И шиъ да-нана ду меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша герз диттина вийначу шина жаIун. Царна луург ду республикан куьйгалхочуьнца Васильев Владимирца цхьаьнакхетар.

Вежарий 17 шо долу Наби а, 19 шо долу Гасангусейн а вийра 2016-чу шарахь Марсхьокху-беттан 23-чохь Гоор-Хиндах олучу эвлана гергахь. И юрт ю Шамилан кIоштахь. Низамашлардон органийн векалша уьш тIемалой хиллера аьлла дIакхайкхийра. Оьрсийчоьнан къоман антитерроран комитето а дIакхайкхийра, рогIера бандиташ байина шаьш аьлла.

Цу хенахь дуьйна дукха къахьийгира МуртазIелас шен ши кIант экстремист хилла ца хиларх Iедал тешо гIерташ. Эххаре а цу шинна дуьхьал схьадиллина бехктакхаман гIуллакх сацийра.

Васильевн зорбанан сервисан белхахоша дийцарехь, республикан куьйгалхо цIахь вац. Азербайджане форуме вахана ву элира цара иза.

Амма Васильевн зорбанан сервисерчу белхахошна ца хета Iедалша тесна йитина ГасангусеновгIера доьзале во дарца йоьзна проблема. Цара багарбо жаIуйн деца-ненаца цхьанакхетта Iедалхой.

Гасанов Джамбулат адвокат ву ГасангусейновгIеран. Iедалан белхахоша нийсо лохур ю бохучух тешаш вац иза. Цара дийр ду аьлларг хабарш а хилла дисина, боху цо.

"Тахана дан дезарг ду юкъаралла митингана кечъяр. Тхуна гIо дан кийча ю меттигера интеллигенци", - элира адвокато Кавказ.Реаллина ша еллачу интервьюхь. Делахь а Гасановс билгал ца даьккхира иза хир йолу де.

Гасангусейнов МуртазIелас а, цуьнан хIусамнанас ПатIимата а дIаяьхьна пикет дIоггара тергал ца йира Iедалан белхахоша а, депутаташа а, бохуш вара "Новое дело" цIе йолчу хIора кIиранах арахоьцучу газетан коьрта редактор Сагитов Гаджимурад.

Иштта, акцин шолгIачу дийнахь Дагестанан Халкъан гуламан сесси яра ХIинжа-гIалахь дIахьош. Цигахь вистхуьлуш Iедалан дас Здунов Артема дIахьедар дира, бахархойн тешам юхаберзор бу шаьш аьлла.

Цуьнан куьйгакIеллахь болу белхахой Iедалан хIусамчура арабовлуш тIех бовлара пикете хIоьттинчу стагана а, зудчунна а шайна и шиъ ца гуш санна сурт хIиттош. Бакъадерг аьлча, цхьаболчара коьртачу декъана тIехбовлуш кадам бора во деанчу дега-нене.

Сагитовна хетарехь, бехк боцу нах байина хилар даре дахь Iедалан дезар ду жоп дала. Цундела ду цу нехан лелар иштта.

Амма керлачу Iедале хIунда ца алало шел хьалха хиллачо Iедало гIалат далийтина хилар бохучух ша ца кхета бохуш вара журналист.

Полисхоша герз диттина вийначу шина кIентан да кхеташ ву шен бераш денлур цахиларх. Шен Iалашо цу тайпаниг кхечу нахаца ца хилийтар ю боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG