ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз диттина Магасерчу митингехь


Магас, митинг.
Магас, митинг.

Ницкъаллин структурийн белхахоша ирх герз диттина митинге гулбеллачу нахе вистхила ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек тIевеанчу хенахь, хаам бо РБК-но.

Цу дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш бара Магасехь Нохчийчоьнца доза билгалдаккхар хьокъехь бинчу сацамна реза боцу нах. RTVi телеканало дийцарехь, церан терахь дара 10 эзар гергга стаг.

Уьш гулбеллера бина барт парламенто къобалбеш бу аьлла хезна.

ББС-но бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахоша депутаташ арабаьхна парламентан гIишло чуьра.

Меттигерчу юкъараллин жигархочо Муцольгов Руслана дийцарехь, тIевеанчу Евкуровна тIе даьсса шиша кхоьссина хилла митингана юкъара. Цул тIаьхьа ирх герз диттина ницкъаллин структурийн белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG