ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПЭН-центро Гериев маьршаваккхар тIедожийна


Нохчийчохь набахтехь латттош волу "Кавказан узел" агенталлан корреспондент Гериев Жалавди катоьхна маьршаваккха везаш ву аьлла, дIахьедина, Оьрсийчохь дешан маршонна дозанаш деттарх язйинчу шен рапортехь "Ассоциация ПЭН-центр-Москва" организацино. Колонехь даккха 3 шо хан тоьхна 2016-чу шарахь нохчийн журналистна Гериев Жалавдина, наркотикаш лелош хиларна аьлла, яздира Маршо Радионо.

Москохарчу бакъонашларъяран "Мемориал" центрехь дахначу кхааридийнахь "2012 - 2018-чу а шерашкахь дешан маршо луьра йохош хиларх" язйинчу рапортан презентаци дIаяьхьира дукха хан йоццуш кхоьллинчу "Ассоциация ПЭН-центр-Москва" организацино вовшахтоьхна. Рапортан чулацам бовзийтира организацин президенто Архангельский Александра а, директоро Ажгихина Надеждас а, ассоциацин кхечу декъашхоша а.

ДIахьедар вовшахтухуш бинчу талламехь дакъалецира Дуьненаюкъерчу PEN- центро а, "Маьрша дош" ассоциацино а, Петарбухарчу ПЕН-центро а. Оьрсийчохь дешан маршо къуьйлуш хиларх дуьйцуш, масална хьахийра Гериевн кхоллам.

"Антикоррупцин протесташкахь стохка бIаьста дIалаьцна 14 журналист. Административан гIуда а хьарчош, бовлийтина уьш кхелах. Ткъа Гериев Жалавдина 3 шо хан тоьхна, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкала а вуллуш", дIахьедо ПЭН-центро.

Бух боцуш дара аьлла бакъонашларъярхоша Гериевна дуьхьал айдина хилла гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG