ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан дагалецамашкара Соьлжа-ГIала..."


Суртдиллархо Букенгольц Алексей

Соьлжа-ГIалахь ваьхначу суртдиллархочун Букенгольц Алексейн дагалецама

Соьлжа-ГIалахь вина а, кхиъна а ву суртдиллархо Букенгольц Алексей. ХIетахьлерачу замане хьаьжжина истори ю цу художникан.

Алексейн да – мехкадаьттадаккхархо хилла, хIетахь Нохч-ГIалгIайчу болх бан хьажийнера иза. Оцу шерашкахь дуккха а тайпа къаьмнаш шена чохь дехаш, индустрин шахьар яра Соьлжа-ГIала.

Карарчу заманчохь болх а, вахар а Израилехь ду Алексейн. Шен дагалецамашкахь йолчу Соьлжа-ГIаланех дийцира цо "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте.

Дийца йишйоцург

- Старопромыслан кIоштарчу Сквозной олучу меттигехь дехара тхо. Сан бераллин шераш дара уьш. Цул тIаьхьа 3-чу микрорайонерчу Косиоран урамехь лаьттачу 22-чу цIа чохь хан яьккхира оха, тахана санна дагадогIу суна. Дас-нанас дуьйцура, Сталина дохийна нохчийн къам хIеттахь даймахка юхадерзо долийнера, бохуш. Доккхачу декъанна лаьмнийн ярташкахь дIатарбора уьш, цигахь мел а царна паргIат хир ду аьлла хеташ.

Бакъду, къам махках даккхарх дуьйцуш дацара. Дийца йиш яцара.

Суртдиллархочун Букенгольц Алексейн да а, нана а
Суртдиллархочун Букенгольц Алексейн да а, нана а

Школехь литературан урокехь Лермонтовн кхолларалла оха Iамочу хенахь, цуьнан поэмашкахь нохчийн лаьмнийн яртийн цIераш хезча, соьца доьшу бераш карзахе хьийзара. Масала, ГихтIехь шайн денаной я дедай беха олура цара. Ткъа доллу къам махках даьккхина, шаьш лайначу баланах ца дуьйцура.

Чиллан-беттан 23-гIа де къам махках даьккхина де дара, ткъа школехь билгалдоккхура Турслочун де. Зудабераша пластмассан зезаг а, ручка а лора тхуна совгIатна. ТIаккха магнитофон а латайой, хелхадуьйлура тхо.

Дукха къаьмнаш чохь деха Соьлжа-ГIала

- Хаа ца лора цу хенахь школехь кхаьмнашлахь башхаллаш. Йоллу пачхьалкхехь а санна, Советан заманан мехаллаш марзйора тхуна. Гуттар а ишта хила а хилла, хир а ду олий хетара. Школехь пенаш тIехула кхозура пионерийн-турпалхойн суьрташ. Космодемьянская Зоя, Голиков Леня, Тюленин Сережа...

Дешаран шеран юьххьехь юьртабахаман белхашка хьийсадора тхо ялта чудерзош гIо дан. Помидораш, Iежаш, бурч...

И белхаш бечу юкъанна политикан плакат дечу конкурсехь дакъа лаца а дизира сан. Тема яра – Чилин хунтас лело харцонаш.

Чилин поэтан, коммунистан Хара Викторан бала хьегар гайтира ас. Набахтин цацанчуьра карахь гитара а болуш, схьакхийдо куьйгаш дехкира ас. Цуьнан маьIна дара – лакъийна маршонан илли. Кибарчикан пена тIехула хила ма деззара охьаоьху цIийн тIадамаш а дара. Хьалхара меттиг баьккхира ас! Оцу кхоллараллех хIун хилира хууш вац со.

Суртдиллархо Букенгольц Алексей
Суртдиллархо Букенгольц Алексей

Къонахий а, акробаташ-мехкарий а

- Нохчийн къоман коьртачех хилла ю гуттар а фолклор. Кхолламалла, кIудалшца зудабераш, хелхарш ден къонахий.

Рубо Францан "Шемал йийсаре лацар", "Слепцовн валар" суьрташ гайтаман музейхь ду.

Художникийн школехь ас доьшучу хенахь диллира ас "Эвлара ловзар" аьлла сурт, со юьртахь цкъа а хилла воццушехь.

ГIалахь яра цхьа йоккха, горга, ирча, бетонах хьалайина гIишло. "Цирк" яра иза. Говрашкахь морсачу къонахаша гонаш дохура цу чохь. Акробаташ-зудабераш хуьлура цигахь, уьш-м тIебаьхкинчех хуьлура.

Меттигерчу радиохула хIора дийнахь ши сахьт даьлча нохчийн маттахь программаш хуьлура.

Со школера цIа веанчул тIаьхьа таро хуьлура сан хIоразза цхьана тайпанарчу нохчийн иллешка а, эшаршка а ладегIа. Дечиг пондарца а, вотанца а мукъамаш далош дIаолура иллеш.

Нохчийчохь къаношца хилла юкъаметтигаш цхьа шатайпа дагахь лаьтта суна.

Тхо, кегий бераш, воккханиг чувеача хьалагIуьттура. ГIалин трамвай чохь баккхий нах хуьлура холхазан куйнаш тохкий, тапъаьлла, цхьана а хIуманца бала боцуш санна хуьлура уьш. ДIа-схьа ца хьуьйсура уьш. Я цаьрга цхьана а кепара хаттар дойла а дацара.

Тхох кегийн нах хилча, тхуна хIинццалц девзина а доцу, керла дозанаш детта долийра тхуна. Масала, нагахь паркехь йоIаца хьо гахь, пхоьзза-ялхозза бетах хIума кхетара хьуна.

Нохчийчоь – дагахьдоцчу абстракте хеттарийн даймохк бу.

Штурмхой, танкаш

- Жим-жима хаалора массо а хIуманах тIеман хьу юлуш санна. Дуьххьара республикехь арадуьйлучу зорбанашкахь берзан символ гучуелира. Газеташ тIехь тIеман тематикехь байташ зорбане йохура, берзан турпалалла язъеш. Соьлжа-ГIалин майданехь зикарш дора. ТIаккха 1994-чу шарахь дара иза, федералан ницкъаша десант кхоьссира аэропорте, тIаьхьо эхье бовда а бевдира уьш цигара.

Инарла Грачевн танкашца гIалина тIелатар дар а дагадогIу суна керлачу шеран буса. Дуьххьара а, тIаьххьара а чуеана танк йохийра нохчаша, цул тIаьхьа тирехь гIакхна санна, нийсаллица герзаш детташ, йоллу колонна хIаллакъян буьйлабелира.

Иштта доладелира къемате, нах бойуш цIий Iанор. Йохийна техника араяккха федералан буьйранчаша коридор ехнера бохуш, дуьйцура, шайн тIамехь эшарш лахдархьама. Ткъа байина оьрсийн салтий кхи а масех дийнахь лаьттахь Iехкира, жIаьлеша меженаш юуш.

Со хIетахь кхечу гIалахь вехара. Суна ца хаьара сайн дех-ненах хилларг а, зIе яцара болх беш, Соьлжа-ГIала гоне ерзийнера. Боккха къинхетам бара, тIом микрорайоне ца кхачар, сан да-нана а зен ца хуьлуш диссира.

Соьлжа-ГIала вахна сан воккхахволу ваша шен шина доттагIчунна тIеIоттавеллера. Шеца дума а, бепиг а даьхьна хиллера вашас, доттагIаша шаьш мацалла хьоьгуш дац аьлла, цхьа инзаре хIуманаш дийцина хиллера цуьнга.

Сатасале Iуьйранна вино доккхучу а, консерван а заводашкахула чекхбовлуьйтуш хиллера уьш, шайна мел оьшу юург а, малар а эцийта. Оцу юкъахь герзаш деттар совцош хиллера. Цу гIишлошчохь тIелетийна этикеткаш а йоцуш хьалайоьттина банкаш хиллера. "Лотерейх" ловзар санна хIума хиллера и.

Банканаш яьстича цу чохь хуьлура хударш я бежан жижиг, юкъ-кара цIен Iов карайора. Ванна къаьркъанах юьзна яра боху. Кхерам байархьама корта бахон маларш муьйлуш хиллера цара, шаьш синкхетамах довллалц.

Гергара пост схьаяккха Iалашонца буьйсанна тIемаш бора, хIора минот тIаьххьара хила а мегаш.

Хууш дацара, мича тIаьхьалонна йитинера и банканаш, я тIеман "сухпаек" олу гIирс хиллера-те иза? Амма мухха делахь а, адамаша мацаллин бала ца хьийгира хIетахь оцу банканех пайда а баьлла.

Вадар

- Еххачу хеначохь сан да а, нана а шаьш дIатарбеллачу меттигехь бехира, уьш тешна бара, хIинций-хIинций тIом боьрзур бу, дахар а хьалхалерачу хорша доьрзур ду аьлла. ТIаьхьо кхийтира, чакхе гуш йоций. ТIаккха Нохчийчуьра арадовла ойла хилира тхан. Хаттар хIуьттура, петарна хIун дер-те, бохуш. Хьанна оьшура иза тIемаш боьлхучу гIалахь?

Делахь а, цхьа аьтто хилира тхан, оцу кIоштахь клиника схьаелла Iалашонца цхьа лор хиллера хIусам лоьхуш. Цуьнца мах бина, бартхилира сан ден а, ненан а.

Бакъдерг ала догIу, доккха накъосталла дира цо хIетахь тхуна. Цо гIо дира тхуна машенца а, тхо новкъа довлучу хенахь ахча а караделира цо тхуна, тхо Iалашдан улло нах а бехира.

ДIабоьлхучаьргара ахчанаш схьадахар хIетахь чIогIа пайден а, тешам боллу а бизнес яра. Оцу тIехь хедира сан Соьлжа-ГIалица лаьттина зIе.

Интервью кечйинарг "Кавказ.Реалии" порталан корреспондент Михальченко Лидия

Аьтто хилча деша гIур дарий шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG