Луларчу Нохчийчоьнна республикерчу латтан дакъа дIадаларна дуьхьалбевллачу гIалгIаша Магасехь хIоттийна митинг дIайохаза ю хIинца а.
Дагадоуьйту, протесташ йолийра Сунженскан кIоштана цхьа дакъа дIадалар "аннекси" яр леринчул тIаьхьа. 1993-чу шарахь барт а хилла, и кIошт шина республикана юкъахь екъна яра.
Нохчийчуьрчу гIишлошъярхоша шайн махкарчу "Эрзи" олучу, йихкинчу меттиган дозан тIехь къайлах некъ буьллуш хааделира байначу баттахь ГIалгIайчоьнан бахархошна. Контртерроран операцин раж ю аьлла, сурт хIоттийна, нохчийн полисхоша ха а деш, болийнера белхаш.
Цигахь долчу хьолах ма-дарра дуьйцучу меттигна, ГIалгIайчоьнан Iедалхоша дагахь доцуш куьйгаш яздира латтанаш хуьйцуш. Шайх дага а ца довлуш, шайга хоьттуш хIума а доцуш, шайн латтанаш Iедало дIадалар - ямартло ю элира гIалгIаша. Нохчийчоьнна дIаделла латтанаш гIалгIайн масех тайпан долара хиллера. Митинге арабевллачара бина барт боха а бай, юкъара референдум дIаяхьар тIедожийра Iедалхошна.
Бакъду, цкъачунна ГIалгIайчоьнан Iедалша цхьана а кепара терго еш яц оцу протестийн, ткъа парламенто хIинцале а тIечIагIбина керлачу дозанех хилла барт.
"Карара хан" Маршо Радион проектан журналисташна шайн бIаьргашца ган лиира хIоьттина лаьтта хьал, стенна тIера доладелла шина Кавказан республикана юкъара дов. Сунженскан кIоштахь хилира журналист Олевский Тимур.
*****
Сунженск кIоштахула охьадогIучу Фортанга олучу хица къастйина байначу беттан 26-чохь шина республикан куьйгалхоша: Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а дозанаш. Хи долчуьра Малхбузехьара латта нохчаша шайна дIадерзийна. Ткъа гIалгIаша и территори шайн ю боху. Ма дарра дийцича, цигахь вехаш стаг а вац. Цигара схьабевлла дукхахберш тоххарехь Соьлжа-ГIала, Магасе, ишта кхечу гIаланашка а баха дIасабевлла. Амма оцу дозанаш тIехь хIинца а лаьтташ ю масех гIалгIайн тайпанийн бIаьвнаш. Дийцарехь, МержоевгIеран а, БоковгIеран а, ЦечоевгIеран а.
Дозанаш хийцинчул тIаьхьа цхьахдолчу тайпан и бIаьвнаш а, шира кешнаш а нохчийн дозан тIехь дуьссу.
"Билгалдаьхначу цIийнашкара схьабевлла нах оцу меттигашкахь хуьлуш бу. Уьш тхуна юкъахь бехаш бу, уьш тхан гергара а бу, тхан бевза-безарш бу. Царна чIогIа лазаме ду хIара хийцаделла хьал, - дуьйцу "Даймохк" цIе йолчу гIалгIайн къоман културан юкъараллан куьйгалхочо Дарбазанов Альберта. – И бIаьвнийн комплексаш тIехь йолу территори хIинца цигахь юьссуш ю. Кеп-кепара историн хIолламаш лаьтта цигахь, тхуна уьш ширчу заманашкара схьа дуьйнна тхайн хетта бара".
Нохчийчоьно доладерзийначу латтанна тIе кхачархьама тхан Iалашо хилира нохчийн ГихтIа а, Рошни-Чу а олучу ярташкахула дехьадовла. Некъаш цигахь дика дара. ГIалгIайчуьра Сунженскан кIошта ваха атта дацара. Машен хала йоьдура тхан нохчийн лаьмнийн дозанехула а.
Тхо чекхдийлинчу меттигийн цIераш дика евзаш яра 90-чу шерашкахь керлачу хаамашка ладийгIинчарна. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь оцу ярташкарчу хьолах дукха дуьйцура хаамашкахь.
Сунжа-кIоштарчу ширчу кешнех цхьаъ МержоевгIеран тайпа-тукхуман ду. Сиз хьаькхначу шина республикана дехьий-сехьий баха биссина оцу тайпан векалш. Меттигерчу бахархошна шайна а ца хаьа, мила ву шайх гIалгIа, нохчо мила ву. МержоевгIара шаьш "орстхой" ду боху, дийнна къомана юкъахь шаьш къаьстина гара хета царна.
Кешнашна герга ма кхаьчча, юхадерза деза шу олу тхоьга. Дукха хан йоццуш контртерроран операцин раж кхайкхийна территори ю кхи дIа.
"Хьаннашца иччархой а, эскархой а бу цигахь, - дуьйцу тхоьга меттигерчу таллархочо. – Латта бахьанехь къовсам баьлча, оцу сохьта цигахь ши тIемало а хаавелла, вийна цара. Шу дехьадовлуьйтур дац", - боху цо.
ГIалгIайчоьнца дозучу керлачу дозанна а, Фортанга хи тIехула тесначу тIайна а тIекхача цхьа километр йиссинчу хенахь некъан белхалошна тIеIиттало тхо.
ТIеман шерашкахь тIай эккхийтинера, тIаьхьо юха меттахIоттийнера иза. Доза дIа а цIандеш, некъаш дохкуш бара белхалой. Хьалхо гIалгIайн латта дара хIара, кхузахь йолаелла ю ша конфликт а. ХIинца хIара Нохчийчоь ю.
Нохчийн ницкъахоша блокпост хIоттийна кхузахь, тIайна уллохь. Кхи дIа йолало ГIалгIайчоь.
Блокпостан суьрташ даха аьтто ца хилира тхан. Иттех гергга тIеман барзакъца болчу наха герзаца го бира тхан машенна, цара бакъо ца елира видео яккха а. Царна гена йоццуш дIахIоттийна шолгIа кхи цхьа пост а, полисхойн блокпост яра иза.
Шина республикан барт хилале хьалха Боков Iабдуллин ГIалгIайчоьнан дозан тIехь лаьттина бIов, хIинца Нохчийчоьнан территори тIехь юьссу.
"ХIара тхан дайн хилла бIов ю, - геннара гIишло гойту Боков Iабдуллас. – Цечойн тайпанах схьадевлла ду тхо. Схьагарехь, дукха ширчу заманара бIов яц хIара. ХIунда аьлча, хIара хьалаюттуш цемент лелийна".
"Цечой Алкун", аьлча а, "ЦечоевгIеран Алкун" йоза ду бIавна тIехь. Уллохь аьтту агIор яздина "Къам - Орстхой".
МержоевгIарна а санна, шаьш а къаьстина къам хета оцу тайпанна, я нохчий а доцуш, я гIалгIай а доцуш. Цундела тайпа-тукхумийн векалшна ца тайна шайн латтанаш дехьа-сехьа кхийсар.
*****
ХIара дов ша - шеха доьрзур ду аьлла тешна бу шина а республикан Iедалхой.
Меттигерчу телекомпанин уллохь, коьртачу проспект тIехь лаьтта Магасехь протесте бевлла нах. Шен ма хуьллу кхеран терго ца ян гIерта телехьожийла, я ца дуьйцу кхарех шен эфирашкахь а. Тийна тапъаьлла лаьтта бахархой. Кест-кеста Росгвардин ницкъаш а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу ницкъаллийн структурийн дакъош а тIеуьйзу ГIалгIайчу.
Митинг йолаелчхьана "ГIалгIайчоь" телекомпанин масех журналист балхара дIавелира, телехьожийло митингах лаьцначу информацина блокада йича. Йозуш йоцу шайн хаамийн хьоста вовшахтоьхна цара, къийсаме даьллачу хин цIарца "Фортанга.Ру" аьлла
"Къоман телерадиокомпанехь болх беш яра со. Суна ца тара, цхьа позици бен цигахь Iорайоккхуш цахилар, - дуьйцу "Фортанга.Ру" кхоьллинчу Евлоева Изабеллас. – Латтанашца къовсам баьлча, ас тидам бира, халкъана зен а деш, йийцарейийриг цхьа агIо бен цахилар".
Сунжа-кIоштан латтанаш декъаро юхаметтахъяьхна Кавказехь мел лаьттина шира конфликташ, дегабаамаш, къийсамаш. Ткъа уьш дуккха а ду. ХIирийчуьра шайн латтанаш юха ца дерзорах дагалоьцура гIалгIаша, ткъа Дагестанехь дийцадаьккхира Нохчийчоьнца дозанаш бахьанехь шайн а къийсам хиларх. Тахана ГIалгIайчохь лаьтта ира хьал даржа тарло муьлхха а билгалъяьккхинчу кофликтна тIехула.
Текстан автор "Карара хан" ("Настоящее время") проектан корреспондент Олевский Тимур